Заглавная страница:Аьрзу

Версия от 17:40, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
GoldenEagle-Nova.jpg

Аьрзу я аьрзо — (en. Aquila (genus)), (оьрсаша "Орел" олу). Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворхI тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-Iаьржа бос бу цуьнан. МIараш яккхийра ю. Онда ю зIок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. Iер, дахар цхьана меттехь хуьлу. Я ижонна, я кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу.

  • ТIекхача аьтту боцчу ламанан даккъашкахь, диттийн генех бо ца бен. Чу мас а, кхин кIеда хIума а юьллуш тобо цо иза. Цхьаъ я шиъ бен ца до цо хIоа. Апрель баттахь тойна хоу. Екар-аз гIоргIа ду "кхекъ-кхеъ-кхеъ". Ижонна пхьагал а, цхьогал а, кхин долу экха а, олхазар а лоцу цо.

СуьрташПравить

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить