Заглавная страница:Бецамеъ

Версия от 17:41, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Бецамеъ

Бецамеъ— (Perdix perdix). Бецамеъ оьрсаша «Куропатка» олу цунах. Ӏай кӀай бос болуш хуьлу иза. Аьхка нӀаьно а, мео а хьаьрса бос оьцу пурхалхьа Ӏаьржа томмагӀнаш а долуш. ТӀемаш а, чукӀело а кӀай хуьла. ЦӀоцкъамаш цӀиэ ду. БӀаьста шишша цхьана хуьлу уьш, нӀаьни, меъ. Гурахь а, Ӏай а цхьанакхетий гӀеранаш йо цара. Баннаш лаьттахь, екъчу меттехь коьллаш кӀел до цара. Тойна май баттахь доккху. Ялх а — шийтта хӀоа до цхьана мео. Ал тӀедарчий а долуш, хуьлу бецамеан хӀоьаш. Котам тойнахь Ӏеш йолчу хенахь нӀаьна а, котам а лаьттахь хуьлу. Дитта тӀе а йолу и шиъ. Ядар, чехка тӀемаш а тухуш, сиха ду. Яжар цӀерачу котамийн санна ду. Диттийн чӀенигаш а, соьналлаш а, бецийн хӀу а доу цара.

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить