Заглавная страница:Боккха сай

Версия от 17:42, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Боккха сай — Нохчийн маттахь, (оьрс. Лось) олу. Хьайбанех уггаре а доккха хьайба ду боккха сай. Шиъ, ах метар лекха а, кхоъ метр деха а ду цуьнан дегӀ. Шовзткъа пунт гергга ю цуьнан йозалла. Цхьана хенахь Европан, Азин, Ӏамерикан хьаннашкахь хуьлуш бара и шатайпа боккха сай. Ткъа хӀинца, Малхбузера а, Юккъерчу Европера а хӀаллакдина дӀадевлла уьш, Швецехь а, Норвегехь а дуккха а долуш ду. Вайн махкахь дукха ю уьш долуш меттигаш. Европехьа долчу мехкашкахь а, къилбаседехь а Черниговски, Киевски областашка кхаччалц къилбехь а, Уралехь а, Генарчу Малхбалехь а, Уссурийски крайхь а ду уьш.

  • Боккха сай иза хьуьнан хьайба ду. Цхьана меттехь дац церан дажар. Хьаннашца кхерста уьш. КӀорга ло диллича, дӀай-схьай лела хала хиларна Ӏа доккхуш цхьана меттахь совцу уьш. БархӀ а, итт а корта хуьлу церан цхьанакхетта бажа. Шешан руьйта даа гӀа а, генаш а долчу метте, хьуьн чохь хӀоттайо цара. Толлан чкъор дукха деза оцу хьайбанна. Хьун хьаькхначу меттехь тӀекӀел ехкина дечигаш ерриге а йожу цара дӀай-схьай а керчош. Цундела хьун хьокхуш болчара, гӀулчаш а ца еш, шаьш охьа ма-еттара юьту уьш. Аьхка буц цоу оцу хьайбанаша. Къаьсттина дарбане бецаш йоу цара. Ялташна новкъарло а ца йо, адмаша кечдина цхьа а тайпа докъар а ца доу оцу шатайпачу хьайбанаша. Ша мел меца хиларх адамаша бинчу элан холанна тӀе ца кхевда боккха сай. Оццала акха бу иза. Цхьаллехь ду цуьнан дахар. Ша цхьаъ къаьсттина кхерсташ Ӏедал ду цуьнан. Хиш, Ӏаьмнаш лаьттинчу тогӀешкахь, диттийн кондарш, маргӀал долу меттигаш еза цунна. Адам а, говр а чекхдалалур доцчу Ӏаьмнашкахула хотталхула атта лела иза. Лекхачу настарша а, шуьйра яьржаш йолчу бергаша а гӀо до цунна ишттачу меттигашкахула лела.
  • Хи дезаш хьайба ду боккха сай. Иза хи буха а лечкъа. Цунна нека дан а хаьа. Уггаре а цуьнан къиза мостагӀий чуьркаш, горанаш, веччаргаш ю. Горнах чӀогӀа кхоьру иза. Цхьа гора юкъа яьлчи динна бажа бодий хӀора-хӀо бола. Чуьркех мозех кӀелхьарадала аьтто ло цунна хе. Аьхка дукхах йолу хан хи чохь йоккха цо.
  • Бакъду, горанах кӀелхьара бала аьтту бац боккхачу сен хи чохь а, я екъачохь а. Гора мерӀуьргаш чу йоьду цунна къамкъаргашка кхаччалц. Циггахь зирх тосу. Оцу зирхах кхоьбарчий хуьлу 60-70. Оцу кхоьбарчаша чӀогӀа сагатдеш ницкъ бо цунна. 4 сантиметр еха хуьлу и кхоьбарчий. Юха аьхке йоллалц мер чохь а садоӀучу къамкъаргаца а тасалой йохку уьш. Церан ачонна "кхахь" бохуш сагатдо цо. СадеӀарна новкъарло а йо. Царех садукълой леш меттиг а хуьла. И кхоьбарчий кхиъна евлича дӀатасаеллачуьра охьаоьга. Царех, тӀемаш а довлий, юха горанаш хуьлу. Цу кеппара оцу хьайбанна массо а ханна мостагӀ ю гора. Кхоьбарчий хи чу эгчи ле. Цундела аьхкенан заманчохь оцу хьайбанийн хи чохь хиларо лагӀдо горанийн хӀу. Йиъ метар шуьйрачу саьнгарх а ши метар лекхачу кертах а тӀехъэккха боккха сай. Берзалойх хӀумма а кхоьруш бац иза. Берзалой гондахьа евлича, дечигах букъ а тухий, дӀахӀутту иза. Цуьнан хьалхара когаш шайна мел кхераме бу хаьа царна. Цундела цхьа а борз а юххе гӀорта ца яьхьа. Цо цкъа ког тухий борз йоь.
  • Сибрехарчу таллархойн кица ду, "Чана талла водахь мотт кечбе, боккхачу сена талла водахь каш кечде".
  • Боккха сай адамах къаьхкаш бу. Бакъду, царех оьгӀазъяхна эра бугӀа тӀеӀоттаелчи цо динна обоз о йохайо. Иза а наггахь хилла хӀума ду. Боккха сай ган атта дац. ЧӀогӀа само йолуш хьайба ду иза. Эса шиъ до цо хӀора шарахь. Атта кара а Ӏема уьш кегийра долуш. КараӀамийна кхиънарш аьхка ворданна а, Ӏай салазна а дужуш леладо. Ӏаьнна докъар Ӏалашдан а ца деза царна, чудохка божал дан а ца деза. Муьлхха а шело а, дарц а, йочана а лало цаьрга.
Боккха сай

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить