Заглавная страница:Къор-кхокха

Версия от 17:48, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Къор-кхокха— (Streptopelia turtur). Оьрсаша «Горлица» олу къор-кхокханах. Вукха кхокханал дегӀана жима бу иза. ДегӀ цуьначул куьцехь ду. Хаьндарг жимма цӀиэ бос а бетталуш овкъаран басахь ю цуьнан, чукӀело сийно бос бетталуш сира ю. ТӀемаш ал бос болуш ду, Ӏаьржа тӀедарчий а долуш. ЦӀоганна йоьххьера месаш кӀай ю. Когаш цӀиэ бу цуьнан. ГӀортан тӀехь Ӏаьржа а, кӀай а раз-пурх сизаш ду.

Къор-кхокха

Дахар хьаннашкахь, хин тогӀешкахь, стоьмийн бошмашкахь ду церан. Стен боьршан шишша цхьана а кхеташ до цара баннаш хьаннийн йистошца а, бошмашкахь а. Баннаш дитташ тӀехь до цара. Нилхха синтарш а йохкуш, чекх са а куш. Тойна май баттахь доккху. ХӀоа 2 хуьлу цуьнан. Бадар вукха кхокханан санна ду. Амма цуьначул атта ду. Лечкъана лелаш бац къор-кхокха. Ардаш юккъехула дӀабоьдачу некха тӀехь а, телеграфни сераш тӀехь а хоий Ӏеш хуьлу къор-кхокха. Бекар хаза ду цуьнан, эшаран аз санна дагах кхеташ. «Къур-кхурр… кхур-кхурр…» бохуш.

Бажар лаьттахь ду цуьнан, ардаш тӀехь, некъаш тӀехь а. Ялта а, бецан хӀу доу цо.

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить