Заглавная страница:Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам

Версия от 18:10, 21 февраля 2022; Adam (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий дешний дошам яра. Кху нийсаяздаран дошам юкъа ялийна исбаьхьаллин литературехь, яздархойх, халкъан барта кхоллараллехь, юкъараллин дахарехь шуьйра пайдаоьцуш йолу лексика.


Дошам тIехь дешнийн доланиг дожар кIезиг гайтина, хIунда аьлча хIинццалц схьа вайнехан меттанийн нийса яздаран дошамаш тIехь шина а терахьан цIерниг, цхьаллин терахьан дийриг бен, кхидолу дожарш ца далийна. Кху тIехь гойтуш ерг меттан дешнийн хазна (лексика) ю, нийсаяздарна некъ луш. Дахарехь цу меттан хазнех хIорамма а пайдаоьцу, шен белхан а, гIуллакхан а хьашташка а, церан башхаллашка а хьаьжжина. Билгалъечу ойланашка а, маьIнашка а, предложенехь дешнийн уьйре а хьаьжжина хир ю церан форманаш а. Цундела дошама тIехь дешнийн дерриге дожарш ца гойту.

Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, Iилманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Цундела меттан дешнаш, гулдина дIахIиттийна, шегахь лардеш йолу дошам йоккха хазна ю. И хазна кIорггера дика Iамо а, сий деш ларъян а еза. ХIора дийнахь дошамехь пайдаэцаро а, саццаза меттан сийлахь-йоккха хазна (дешнаш) Iаморо а боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан а хазна кIорггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза. Вайн пачхьалкхехь лексикографин болх тIаьхь-тIаьхьа алсамболуш, толуш, кхуьуш бу. Цунна тоьшалла до керл-керла арахоьцучу тайп-тайпанчу дошамаша.

Адамийн уггаре а йоккха хазна ю къахьега хаар. Воккхачу яздархочун цу хьекъалечу дешнаша йовзуьйту адамийн дахаран ца хилча ца торуш йолу хьекъале а, оьздаа Iалашо — къахьега хаар. Адамийн дахаран Iалашо хьекъале а, нийса а, оьзда а хила еза. Дошамехь хIоттийна нийсаяздаран керлачу бакъонийн буха тIехь. Дошаме юкъа ца ялийнанийсаяздар карадерзорна новкъарло ян тарлуш йолу ца оьшу, совнаха кепаш, нийсаяздар шардан аьтто ца бен долу дешнаш. Метта нийсаяздаран дешнаш, къобалйина, магийна йолу керланаш, ялийна. Нийсаяздаран бакъонаш а, меттан дешнаш а, дошам тIера хала дешнаш довзийтаран материал а ненан мотт дика Iамо гIо деш хир ю. Дошам тIехь, маьIнаш билгал а дохуш, дицлуш лаьтта хала дешнаш довзийтина. Къаъсттина хала хеташ долчу дешнийн маьIнаш ненан маттахь довзийтарца цхьаьна, царах кхетар кхин а дика хилийтархьама, уьш оьрсийн матте а дерзийна, масала: 1) зарзар (ю) — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос болу олхазар (соловей); 2) ткъов (ю) — догIа а, ло а ийна йолу йочуна (дождь с мокрым снегом); 3) ткъарш (бу) — ткъов бахьанехь лаьттахь хIуттуш йолу, догIа а, ло а ийна кочалла (слякоть, распутица на земле), шаткъа (бу).

ЦIердешнашкахь тайп-тайпан кэпнаш гайтамаш хуьлуш белахьара, тайп-тайпан кэпнаш билгалъечохь вай беккъа тайп-тайпан кэпнаш гайтамаш билгалбохур бара: в, й, б, д. ЦIердешнийн тайп-тайпан кэпнаш къестош, вай цаьрца тайп-тайпан кэпнаш гойтуш а, къестош а долу хандешнаш олу, теро куц далор:

  • 1) да ву — дай бу (1-ра класс)
  • 2) йиша ю — йижарий бу (2-гIа класс)
  • 3) говр ю — говраш ю (3-гIа класс)
  • 4) кор ду — кораш ду (4-гIа класс)
  • 5) бахам бу — бахамаш бу (5-гIа класс)
  • 6) сту бу — стерчий ду (6-гIа класс).

Дошам тIехь вай билгалйохурш цIердешнийн и классаш ю. Иштта и бахьанаш долуш, вай дошам тIехь беккъа тайп-тайпан кэпнаш гайтамаш ца луш, цIердешнийн тайп-тайпан кэпнаш билгалъяьхна. Иза иштта хила а деза, хIунда аьлча коьртаниг, вайна оьшург дошам тIехь цIердешнийн тайп-тайпан кэпнаш билгалъяхар ду. ЦIердешнашкахь хуьлуш а боцу тайп-тайпан кэпнаш гайтамаш бац вай билгалбаха безарш, церан бакъонца йолу нийсаяздаран тайп-тайпан кэпнаш ю. Цу кеппара, цIердешнашкахь тайп-тайпан кэпнаш гайтамаш бац, церан нийсаяздаран тайп-тайпан кэпнаш ю. Тайп-тайпан кэп гайтамаш шайгахь болуш а, чIагIбелла бисна а, цIердешнаш сов кIезиг ду; масала: воI ву, йоI ю, вовхатар ву, йовхатар ю, ваша ву, йиша ю, юкъ ю, букъ бу, дукъ ду, юх ю, бух бу. дешнаш яздина, нийсаяздарехь дустар дало таро а, кхета аьтто а нисбеш.

Теро а куц далийча: Маца? — кхушара (хенан куцдош), муьлхачу шарахь? — кху шарахь, цу шарахь, хIокху шарахь, оцу шарахь, дIадаханчу (стохкалерчу) шарахь. Дешнийн цу цхьаьнакхетаршкахь кху, хIокху, цу, оцу, дIадаханчу (стохкалерчу) бохучу дешнех къастамаш хуьлу. Иштта нийсаяздаран маьIнин билгалдакхарца гIоьнца къасто дезаш хуьлу хIара дешнаш: мила? — дукхаваха (цIердош), мел ваха? — дукха ваха хьо (дукха—бараман куцдош, ваха — хандош, хьо — цIерметдош). Кхиссина, кхийсина цхьаъ ду, моьтту. Иза кху кепара талла йиш ю: левси (кховса — кховсу, кхевсина, кховсур ю (цхьаллин кеп)—левси кхийса—кхуьйсу, кхийсина, кхуьйсур ю (дукхазаллин кеп); гIорза кхосса—кхуссу, кхоьссина, кхуссур ю (цхьаллин кеп) — гIорзанаш кхисса — кхуьссу, кхиссина, кхуьссур ю (дукхазаллин кеп) — кхин маьIна ду. Сийналла сийна хилар, сийна бос хилар ду, ткъа соьналла (зелень) гIабуц (ораматаш) ю. Цу декъехь хасстоьмаш а лору (наьрсаш, хохаш, хорсамаш и дI. кх. а). Оьздалла оьзда хилар ду, ткъа оьздангалла оьздачу гIиллакх-амалх леррина йоккхуш йолу цIе ю; луралла чIир ю (мостагIалла), ткъа луьралла луьра хилар ду. Зийна теллина бохург ду, ткъа Зина йоьIан цIе ю. Тидам бича, и дешнаш а, церан маьIнаш а, яздар а вовшех къаьсташ ду. уьш вовшех къасто хаа деза. ХIора хандош, нийсаяздаран Тайп-тайпан кэпнаш къастош, кху кепара ала йиш ю: стаге: вухаверза, зудчуьнга: юхаерза, бере: духадерза, старе, атте, уьстагIе: бухаберза.

Цу массо дашна а юкъара маьIна далош, кху кепара ала а мега: юхавала, юхаяла, юхадала, юхабала, хIунда аьлча, юха боху дош (дешхьалхе) юх бохучу цIердашах хилла: юхавала, вухавала бохург кIегарвала бохург ду (иза цуьнан теро дериг ду). Цу кеппара, юха бохург вукху классашна а юкъара ду. Юкъа боху дешхьалхе я дештIаьхье юкъ бохучу цIердашах хилла: шаршу юкъа йилла. Цо иза юкъайиллина. Цхьаллин а, дукхаллин а — шина а терахьан хандешнийн цхьаллин, дукхазаллин кепаш нийса язъян хаийтархьама а, кхета атта хилийта а, дошам тIехь гайтина кху кепара дешнаш: хьажа, хьожу, хьаьжна (цхьаъ цкъа) хьежа, хьоьжу, хьежна (цхьаъ дуккхазза а) хьовса, хьовсу, хьаьвсина (дуккха а берш цкъа) хьийса, хьуьйсу, хьийсина (дуккха а берш дуккхазза а) лалла, лоллу, лаьллина (цхьа говр цкъа) лелла, лоьллу, лиллина (цхьа говр дуккхазза а) лахка, лохку, лаьхкина (дуккха а говраш цкъа) лехка, лоьхку, лихкина (дуккха а говраш дуккхазза а). Уьш вай кхузахь гайтина царах пайдаэца хаийта. Уьш деа кепара хийцалуш долу хандешнаш ду. Церан тидам бича, уьш хийца а, ала а, нийса яздан а Iемар ду. Уьш къаьсташ ду бухадогIург дожар гойтучу деакепарчу хандешнех. Дукхаллин терахь, дукхаллин кеп бохург цхьаъ дац. Дуккха а цхьанатайпанара хIуманаш билгалйийриг дукхаллин терахь ду: говраш, эсий, книгаш. Цхьаллин кепан а, иштта дукхаллин кепан а хила тарло чаккхенашка хьаьжжина цхьаллин а, дукхаллин а терахь, масала: сайниг — сайнаш (цхьаллин кепан цхьаллин а, дукхаллин а терахь), тхайниг — тхайнаш, вайниг—вайнаш (дукхаллин кепан цхьаллин а, дукхаллин а терахь).