Акха бад

Версия от 14:26, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Акха бад — ( Anas platyrhynchos ). Акхачу бедах оьрсаша "Кряква" олу. ЦIахь кхобучийл догIмаш долуш ю акха бедаш. Бедан-нIаьна хаза ю. Баьццаран бос лепаш бу цуьнан корта. Лог кIело ал бос бетталуш ю. ЗIок можа ю. ЦIоганан тIоьхуле Iаьржа ю. Когаш, можа бос а бетталуш цIиэ бу. Стиэ бад Iаьржа тIедарчий а долуш мокха ю. Акха бедаш дукху а мехкашкахь хуьлуш ю.

  • ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Iаьмнашкахь, хин бердан йистошкахь бецан тоьлгашлахь, оьрзалахь до цара банаш. ХIоьаш дан юьйлало апрель баттахь. 7-I2 хIоа до цхьана бедо. КIорнеш тIемашца гIовттало август баттахь. Екар цIахь кхобучу бедачух тера ду. Яжар хи чохь ду хина буха а ческъаш. ТIемашца йовдар чехка ду. Хи чохь карош йолу садолу хIуманаш а, кхоьбарчий а цхьацца соьналлаш а йоу цара[1].
Акха бад
ХIоаш

Видео править

Суьрташ править

Хьажа. кхин править

Хьажоргаш править

  1. Берсанов Х.А. Вайн махкан акхарой а, олхазарш а. Соьлжа-ГӀала. Жайна , 1992. 176 агӀ.