Маж йолу аьрзу

Версия от 15:57, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Маж йолу аьрзу '''Маж йолу аьрзу''' — (''Gypaetus barbatus''), (оьрсаша "''Бородач''" олу). Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха тIемаш а долуш, деха йIога а долуш. ЧIениг кIел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна тIехь а, пIелгашна тIе кх...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Маж йолу аьрзу — (Gypaetus barbatus), (оьрсаша "Бородач" олу). Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха тIемаш а долуш, деха йIога а долуш. ЧIениг кIел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна тIехь а, пIелгашна тIе кхаччалц месаш ю. Букъ Iаьржа бу. ЧукIело сирло ю, ал бос а бетталуш. Корта кIай бу, бIаьргашна тIоьхула Iаьржа томмагI а долуш. Шок етташ санна ду цуьнан екаран аз.

  • Уьш хуьлу Кавказан лаьмнашкахь, Юккъерчу Азехь, Алтайхь, дозанал арахьа кхилбехьарчу Европехь, Африкехь. 5-6 шо кхаччалц кIорни ца доккху маж йолчу аьрзуно. Стен, боьршан ши аьрзу даиманна цхьана хуьлу. Баннаш адам тIе ца кхочехь, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тIулган бердашкахь до цара.
  • Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, тIергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. ХIоьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха тIедарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь гIовтту кIорнеш. Ижонна таллар хIаваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даьIахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.
Маж йолу аьрзу

Суьрташ править

Хьажа. кхин править

Хьажоргаш править