Ӏаьржа аьрзу

Версия от 16:26, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Ӏаьржа аьрзу '''Ӏаьржа аьрзу''' — (en. ''Cinereous Vulture''), (Оьрсаша "''Черный гриф''" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучо...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Ӏаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша "Черный гриф" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зIакартIера мерIуьргаш.

  • Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Iер цхьана меттехь а, дIай-схьай кхалхарца а ду. Дукха йац и аьрзош. Йелла бежна, я говр йолчохь цхьакIеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХIоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тIам ца ластош, хIаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар йеллачу хIуманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. КIезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.
Ӏаьржа аьрзу

Суьрташ править

Хьажа. кхин править

Хьажоргаш править