Сийна хьоза

Версия от 18:12, 2 февраля 2025; Buto (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb|Сийна хьоза Оьрсаша шоршалах «Синяя птица» олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи Ӏаьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи кӀур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалл...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Оьрсаша шоршалах «Синяя птица» олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи Ӏаьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи кӀур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. ЦӀога деха ду цуьнан, тӀемаш доцийра ду.

Файл:Blue Whistling Thrush (Myophonus caeruleus) at Jayanti, Duars, West Bengal W Picture 462.jpg
Сийна хьоза

Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду «къи-къи-къи-къи!» шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш кӀелахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан Ӏеханах, бецах бо цо. ХӀоьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш.

Хьажа. кхин править

Хьажоргаш править