Хьуьнан акха цициг
Хьуьнан акха цициг — Оьрсаша хьуьнан акха цицигах "Лесной кот" олу. ЦIахь кхобучу цицигах тера ду иза. Амма цулла жимма онда ду. ДегIан дохалла 50-75 см. ЦIога 25-35 см. ТIера цIока кIеда а, чо луьста болуш а ю. ЦIога томма а, месала а ду. Лергаш а вайн цIерачу цициган санна ду цуьнан. Бос, жимма мекха лаьцчи санна, сира бу. Накха а, чукъело а хьаьрса ю. Пурхалхьа букъа тIехь а, агIонца а моханаш ю. Цуьнан деха, мокха и томмагIнаш хедда ду. Корта а и томмагIнаш хIиттина къорза бу цуьнан. ЦIоганна тIехь мокха чIагIарш ю. ЦIоганан йоьхьиг Iаьржа ю цуьнан.
Вайн Кавказан ламанан хьаннашкахь хуьлаш ду и акха цицигаш. Цхьаъ ша лела цициг. Дийнахь лечкъий Iа акха цициг дечиган хари чохь тIулган бердашкахь, оьрнашкахь мохо охьатоьхначу диттан орамашна кIел. Цуьнан даар коьртачу декъана олхазарш, дехкий ду. Кхин йолу садолу хIумнаш а йоу цо. Оре дар февраль-март баттахь ду. Исс кIирнах лела иза пхора. Къорнеш апрель-май баттахь йо. КIорнешна саго I0-I2 де даьлчи. Бен хари чохь я тIулгийн херонашкахь бо цициго. Веданан а, Шелан а, Шуьйта а Ачхой-Мартанан а районашкарчу хьаннашкахь хуьлу и акха цицигаш.