Аьрзу
Аьрзу йа аьрзо — (en. Aquila (genus)), (оьрсаша "Орел" олу). Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворхI тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-Iаьржа бос бу цуьнан. МIараш яккхийра ю. Онда ю зIок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. Iер, дахар цхьана меттехь хуьлу. йа ижонна, йа кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу.