Заглавная страница:Борз

Борз (оьрс. Волк) олу. Вайн халкъо олуш ду майрачу стагана "борз санна майра", хӀума лачкъош а, ядош а волчунна "Ка тухуш борз ю" олу. Туьйранашкахь цхьогале хӀилланца борз Ӏиэхайойту. И иштта а дац. Борз а ю шеначулла хӀума хууш.

  • Цхьацца тайпа акхарошна шайн-шайна езаелла меттигаш хуьла: гӀамарш, еса аренаш, цанаш, лекха ламанаш, хьаннаш, хин бердан йистош, раьгӀнаш, тогӀеш и дӀ. кх.
  • Берзалойн, езаш кхастийна меттигаш яц. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, раьгӀнашкахь а, гӀамаршкахь а хуьлу. Бакъду яккхийчу хьаннийн кӀорге ца еза царна, цигахь ижу лаза хала долу дела.
  • Борз евзашвоцчунна доккхачу жӀаьлех кхасто хала ду. Бакъду башхонаш ю барзаний, жӀаьлиний юккъехь. Берзан цӀога текхаш ду, лергаш нисса ирахь лаьтта, я жимма тӀехьа дийша дой а хуьлу. ЖӀаьлин санна охьакегделла кхозуш ца хуьлу берзан лергаш. Берзан само чӀогӀа ю. Ижо лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан коьртачу декъана. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхчи, я эса Ӏаьхчи шиъ-кхоъ километр генахь хеза барзана. Елла бежана хьожанах ца хаало барзана, цунна тӀехула хьийзачу кхийгийн гӀовгӀанах хаало. Барзана, набкхетта йоллушехь хеза мохо декъа гӀа хьадичи а, коган тата а. Йижна уьллучу барзана тоса ца луш тӀе ца вахало, кхин долчу акхарошна санна. Барзана дийнахьчул дика го буьйсанна са. Цундела буьйсанна адамах къаьхкина гена ца йолуш, гергахь, къайлайолий дӀалечкъа иза. Дийнахь адамах къаьхкий генайолу. Аьхка лорах хьожа йокхуш ца лацало барзе ижо. Пхьагална тӀаьхьа едчи, иза коьллашна юкъа а иккхина къайлаяьлчи дан хӀума доцуш юьсу борз.
Борз
<...>экха ду борз. Адамах шена кхерам бе-
<...> на. Таллархочух къаьхка иза. Амма ке-
<...>къахочуьнца, я бежаӀуьнца эвхьаза хуь-
<...>амах кхерар, къахкар хӀун ду а ца хаьа.
<...> цуш хилчи хаьа барзана. Цунах хӀумма а
<...>ш, жа юккъера схьа а лоций, уьстагӀ буьгу цо.
<...> на карара дӀабоккхуш меттигаш а хилла, шена
<...>жаӀу вуйла хиъчи. Барзо юьрта чу йогӀий
<...> , уьстагӀ, я уьйтӀара жӀаьла дуьгуш меттигаш а

ху<...>

  • Барзо ижонна толлу оцу меттигашка а, гондахьа долчу Ӏаламан хьелашка а хьожжий. Цхьаъ ша хилчи барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго ижу кхечу кепара лоцу: я гондахьа йолий го бой, я цхьаерш кӀела а ховший,вукхара тӀетоллуш. ЖӀаьлина тешнабехк бо барзо. Иза уьйтӀахь, кертахь долу меттиг а лохий, ша цунна гучуйолу борз. Жйаьла шена летчи, ша кхераелла моттуьйтуш хьалхара йоду. ЖӀаьла цунна тӀаьхьа долу. Дех кхерам боцчу метте гена яьлчи, цӀеххьана доьхьал а йоьрзий, жӀаьла хьакхадо барзо. Иза ден а доьй дӀахьо.
  • Борз гураца лаца а хала ду. Елла Ӏуьллучу бежанна тӀе ца йогӀу борз шена цхьа жимма а шеко хилчи.
  • Борз говрийн реманна а, я бажа белахь цунна а юкъаэккха ца яьхьа. Бажо, гоъмаш вовшах а тухий, моӀийн керт доьхьал хӀоттайо цунна. Говраш, кортош чоьхьа а долуш, мийраш барзехьа берзабой, дӀахӀуьтту. Мел дуккха го тийсичи а, и дуьхьало ца юху церан. Борз кхин дан хӀума доцуш дӀайоьду. Цундела бежна, я говр, ша ца гуччу юьстахйолу ларйо цо.
  • ТӀаьхьа Ӏу воцуш дисначу жана юкъа лелха берзалой. Ка а етташ уьстагӀийн дуьмеш хедадо цара. ТӀаьхьа Ӏу воцуш долчу жана цхьана борзо а до доккха зиэ.
  • Йоккха ижо хьалха нисъелчи къиза йоь берзалойн арданго. Масала боккха сай цхьана барзе бе ца ло. Арданг тӀаьхьаяьлчи ка етташ жижиган поттанаш йохуш божабо иза.
  • Иштта ижонна тӀаьхьаевллачу берзалошна шайна юккъе цкъа а, шозза а топ тоьхчи а ца хаьа, оцу ижонна шаьш дечух маслой.
  • Шаьш дийначу экханах жижиган потта кӀезашна хьо берзалоша. КӀезий Ӏамош царна а гойтуш вовшахйоккху берзалоша сайгак а, газа а, пхьагал а. ТӀаккхахула, ижу дӀаядалур йоцуш лаза а йой, кӀезашка шайга вовшахйоккхуьйту.
  • Берзан кӀезий кегий йолуш цӀийза, латар, угӀар доцуш. Берзалой угӀу суьйранна а, я буьйсанна, я сатоссуш. Дийнахь борз ца угӀу.
  • Кхиъна онде евлича, бенара гӀовттий, кхерсташ лела берзан кӀезий. Цхьана метта ца совцу уьш. Ша ижонна яхна леллачуьра кӀезашна юха тӀейогӀуш, уьш :мичахь ю хаан угӀу борз! "Ӏав-в-в, ву. Вов-вов". КӀезий йоккха гӀовгӀа йоккхуш доь<...>
захь дукха хуьлу церан аьзнаш: цӀийзар, летар, у<...>
Нана-барзо чӀогӀа лардо шен кӀезий. Ада<...>
догӀийла хиъчи кӀезий кхечухьа дӀахьо барз<...>
шен бен болчу меттигана гергахь адам тосаде <...>
боккху цо. КӀезий кӀелхьара даха аьтту боцу <...>
леш тӀекхаьччи а, кхин кхерам тӀехӀоьттича а <...>
КӀезий ондеевлича дас, нанас шайна юххе<...>

ла Ӏамайо.

  • Дорцах тилла арахь висна а, цхьаъ ша некъе <...>

стагна барзо зиэ до. Барзо стаг вийна а, виъна а, меттигаш дукха ю. Берзалойн арданг тӀеӀоттаелчи царех кӀелхьаравала аьтту боцуш вуьсу стаг карахь герз дацахь.


Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить