Заглавная страница:Жима бухӀа
Жима бухӀа— (Athene noctua). Жимачу бухӀанах оьрсаша «Домовой сыч» олу. Вукха бухӀанийн басахь ю иза. Даккийра бӀаьргаш а, бӀаьрган хӀазарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а еса меттигаш еза царна.
ТогӀешкахь, боьранашкахь, адам ца дехаш дӀатесна йитначу гӀишлошкахь ду церан Ӏер-дахар. Бердах охкуш а доху цара баннаш. Тойна апрель-май баттахь доккху. ХӀоа 4-8 хуьла. Даар вукха бухӀанийн санна ду. ЗӀенан бӀогӀашна тӀехь Ӏеш а хуьлу уьш. ТӀома ядар чехка ду. Екар «ку-вить, ку-вить» бохуш ду.