Заглавная страница:Кхаллакъ

Кхаллакъ

Кхаллакъ — (англ. Corvus cornix, оьрс. Серая ворона олу). Кхаллакъ олу корта а, хаьндарг а, тIемаш а, цIога а, Iаьржа а долуш, дегI сира а долуш йолчу йоккхачу къийгах. ЗIок стомма а, еха а ю цуьнан. Ялтийн аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлу уьш. Iаьнан заманчохь ярташна, гIалина гергахь еха уьш. Цхьана меттехь ду церан дахар, гена дIай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 5-6 до апрель-май баттахь. Баьццаро бос а бетталуш стигалан басахь хуьлу уьш, мокха тIедарчий а долуш. Екар зевне ду "кра-а, кра-а" бохуш.

СурташПравить

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить