Заглавная страница:Лекъ

Лекъ (англ. Common Quail, оьрс. Перепел) — Котамийн тайпанах уггаре а жимах дерг лекъ ду. Iаьржа тIедарчий а долуш, ал бос бу цуьнан. ЦIога доца ду. ЧукIело сирла ю. НIаьнин лог кIело Iаьржа ю. Меан хаьндарг къорза ю. Лекъаш ялтийн аренашкахь, цанашлахь хуьлуш ду. Шиъ цхьана кхетий ца лела уьш. Бен бацалахь а, ялташна юккъехь а бо лекъо, жимма ор а доккхий, чу бецаш а йохкий. Тойна май баттахь доккху. ХIоьаш даккхийра тIедарчий а долуш хуьлу 7-I5. Дукхах йолу хан лаьттахь йоккху лекхаша. Бацалахь лечкъий хуьлу уьш. Дитташ тIе ховшуш Iедал дац церан. ТIома гIаьттича гена далале охьахоу лекъ. ТIемаш тохар чиха а, дадар чехка а ду. Декар иштта ду боьршачу лекъан "пит-пипить, пить-пипить". Лекъийн даар коьртачу декъана бецан хIу ду. Садолу хIумнаш а йоу цара.

Лекъ
Лекъ хIоаш

Хьажа. кхинПравить

БилгалдахаршПравить

ХьажорагашПравить