Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам: различия между версиями

нет описания правки
Нет описания правки
Нет описания правки
Строка 1: Строка 1:
* ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий дешний дошам яра. Кху нийсаяздаран дошам юкъа ялийна исбаьхьаллин литературехь, яздархойх, халкъан барта кхоллараллехь, юкъараллин дахарехь шуьйра пайдаоьцуш йолу лексика.
ХIара нийсаяздаран декъехь ненан меттан хазна алсам юкъалоцуш болу дуьххьарлера мехала болх лара мегар ду, хIунда аьлча вайн маттахь кхул хьалха хилларш кегий дешний дошам яра. Кху нийсаяздаран дошам юкъа ялийна исбаьхьаллин литературехь, яздархойх, халкъан барта кхоллараллехь, юкъараллин дахарехь шуьйра пайдаоьцуш йолу лексика.

* Дошам тIехь дешнийн доланиг дожар кIезиг гайтина, хIунда аьлча хIинццалц схьа вайнехан меттанийн нийса яздаран дошамаш тIехь шина а терахьан цIерниг, цхьаллин терахьан дийриг бен, кхидолу дожарш ца далийна. Кху тIехь гойтуш ерг меттан дешнийн хазна (лексика) ю, нийсаяздарна некъ луш. Дахарехь цу меттан хазнех хIорамма а пайдаоьцу, шен белхан а, гIуллакхан а хьашташка а, церан башхаллашка а хьаьжжина. Билгалъечу ойланашка а, маьIнашка а, предложенехь дешнийн уьйре а хьаьжжина хир ю  церан форманаш а. Цундела дошама тIехь дешнийн дерриге дожарш ца гойту.   
Дошам тIехь дешнийн доланиг дожар кIезиг гайтина, хIунда аьлча хIинццалц схьа вайнехан меттанийн нийса яздаран дошамаш тIехь шина а терахьан цIерниг, цхьаллин терахьан дийриг бен, кхидолу дожарш ца далийна. Кху тIехь гойтуш ерг меттан дешнийн хазна (лексика) ю, нийсаяздарна некъ луш. Дахарехь цу меттан хазнех хIорамма а пайдаоьцу, шен белхан а, гIуллакхан а хьашташка а, церан башхаллашка а хьаьжжина. Билгалъечу ойланашка а, маьIнашка а, предложенехь дешнийн уьйре а хьаьжжина хир ю  церан форманаш а. Цундела дошама тIехь дешнийн дерриге дожарш ца гойту.   

* Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, Iилманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Цундела меттан дешнаш, гулдина дIахIиттийна, шегахь лардеш йолу дошам йоккха хазна ю. И хазна кIорггера дика Iамо а, сий деш ларъян а еза. ХIора дийнахь дошамехь пайдаэцаро а, саццаза меттан  сийлахь-йоккха хазна (дешнаш) Iаморо а боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан а хазна кIорггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза. Вайн пачхьалкхехь лексикографин болх тIаьхь-тIаьхьа алсамболуш, толуш, кхуьуш бу. Цунна тоьшалла до керл-керла арахоьцучу тайп-тайпанчу дошамаша.
Мотт адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, Iилманан а, культуран а, искусствон а уггаре а сийлахь-йоккха хазна ю. Цундела меттан дешнаш, гулдина дIахIиттийна, шегахь лардеш йолу дошам йоккха хазна ю. И хазна кIорггера дика Iамо а, сий деш ларъян а еза. ХIора дийнахь дошамехь пайдаэцаро а, саццаза меттан  сийлахь-йоккха хазна (дешнаш) Iаморо а боккха аьтто бо бартан а, йозанан а къамел кхио а, маттана шарвала а, меттан а, хьекъалан а хазна кIорггера дика йовза а. Иза хаа а, мало йоцуш къахьега а деза. Вайн пачхьалкхехь лексикографин болх тIаьхь-тIаьхьа алсамболуш, толуш, кхуьуш бу. Цунна тоьшалла до керл-керла арахоьцучу тайп-тайпанчу дошамаша.

* Адамийн уггаре а йоккха хазна ю къахьега хаар. Воккхачу яздархочун цу хьекъалечу дешнаша йовзуьйту адамийн дахаран ца хилча ца торуш йолу хьекъале а, оьздаа Iалашо — къахьега  хаар. Адамийн дахаран Iалашо хьекъале а, нийса а, оьзда а хила еза.   
Адамийн уггаре а йоккха хазна ю къахьега хаар. Воккхачу яздархочун цу хьекъалечу дешнаша йовзуьйту адамийн дахаран ца хилча ца торуш йолу хьекъале а, оьздаа Iалашо — къахьега  хаар. Адамийн дахаран Iалашо хьекъале а, нийса а, оьзда а хила еза.   
Дошамехь хIоттийна нийсаяздаран керлачу бакъонийн буха тIехь. Дошаме юкъа ца ялийнанийсаяздар карадерзорна новкъарло ян тарлуш йолу ца оьшу, совнаха кепаш, нийсаяздар шардан аьтто ца бен долу дешнаш. Метта нийсаяздаран дешнаш, къобалйина, магийна йолу керланаш, ялийна. Нийсаяздаран бакъонаш а, меттан дешнаш а, дошам тIера хала дешнаш довзийтаран материал а ненан  мотт дика Iамо гIо деш хир ю. Дошам тIехь, маьIнаш билгал а дохуш, дицлуш лаьтта хала дешнаш довзийтина. Къаъсттина хала хеташ долчу дешнийн маьIнаш ненан маттахь довзийтарца  цхьаьна, царах кхетар кхин а дика хилийтархьама, уьш оьрсийн матте а дерзийна, масала: 1) зарзар (ю) — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос  болу олхазар (соловей); 2) ткъов (ю) — догIа а, ло а ийна йолу йочуна (дождь с мокрым снегом); 3) ткъарш (бу) — ткъов бахьанехь лаьттахь хIуттуш йолу, догIа а, ло а ийна кочалла (слякоть, распутица на земле), шаткъа (бу).   