Заглавная страница:Хьийзина масаш йолу пеликан
Хьийзина масаш йолу пеликан (Pelecanus crispus). Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша «Кудрявый пеликан» олу. Вукху цӀе бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш кӀай ю, сиро бос а болуш.
ТӀемаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. ГӀортанна тӀиэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. ДӀай-схьай даржичи тӀемаш шина метре кхочу. Вукху цӀиэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.