Заглавная страница:ЧӀегӀардиг
ЧӀегӀардиг — (en. Wire-tailed Swallow), (Оьрсаша «Ласточка» (Нитехвостая ласточка) олу чӀегӀардигах). Букъ Ӏаьржа сийна бу цуьнан. ЦӀога кӀелахула хаьндарга тӀоьхула пурх шуьйра Ӏаьржа моха ю цунна. ТӀемаш а, цӀога а лиэпаш сийна-Ӏаьржа ду. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. Накха, чукӀело кӀайн ю. ЦӀоганан шалгу — ши мас еха а, юткъа а ю. Дахар ярташкахь, гӀаланашкахь а, ярташна, гӀаланашна юххехь а ду. ГӀеранца хуьлу чӀегӀардигаш. ЗӀенан серашна тӀехь йоккха гӀера хуьлу церан Ӏеш. Баннаш поппарх до цара юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Баннаш, нехан сеннеш чохь, рагӀош кӀелахь, тӀай кӀелахь, догӀа ца кхетехь до. 4-6 кӀайн хӀоа до чӀегӀардиго, цӀиэ тӀедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. КӀорнийн когаш вовшахбоьхку чӀегӀардиго, уьш бенара охьа ца эгийта, говран кхесах я цӀоганах боьжна мерз бахьа цо церан когаш бехка. ЧӀегӀардиган кӀорнеша бен ца бехбо. ТӀиэхье бенал арахьа а йоккхий бехло уьш. ЧӀегӀардиган декар иштта хуьлу: «Цхьа-коьна, ши коьна-коьна-коьштара, чӀамаргӀана чӀиж-ж-жикъ» бохуш санна.