Заглавная страница:ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа
Перейти к навигации
Перейти к поиску
ЗӀугарчий йуу гӀиргӀа — (en. Honey Buzzard), (оьрсаша «Осоед» олу). Деха цӀога а долуш, готтий тӀемаш а долуш, лечанах тера гӀиргӀа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукӀело сирло ю, ал тӀедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: «кии-е!» я чахко "ки-ки-ки-ки! " Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа гӀиргӀанаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Май бутт болалуш до цара баннаш, шен гӀашца схьадаьхначу диттийн маргӀалех.
- ХӀоа I-2 до жимма цӀиэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. КӀорнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте дӀакхелха уьш. БӀаьста апрель баттахь юха догӀу. Даар накхаран мозий, зӀуганаш, церан кхоьбарчий.