Заглавная страница:ХӀуьрцӀалдиг

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 01:49, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ХӀуьрцӀалдиг

ХӀуьрцӀалдиг — (en. Wagtail), (оьрсаша «Трясогузка» олу). Можа а, кӀайн а хуьлу хӀуьрцӀалдиг. Шен дегӀалла деха ду можачу хӀуьрцӀалдиган цӀога. Боьршачунан корта я сира, я Ӏаьржа хуьлу. Букъ баьццара бос а бетталуш можа бу. ТӀемаду. ЦӀога нисса дӀа догӀаделла ду шина агӀор кӀайн сизаш адолуш. Стечуьнан дегӀ можа ду, букъ тӀера бос кхоьлано бу. Можачу хӀуьрцӀалдиган дахар цанийн аренашкахь а, Ӏаьмнашкахь а, хин тогӀешкахь а, лаьмнашкахь а ду.

Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар тӀе а, дакъаделлачу синтар тӀе а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехгӀоьртича дека а декаш тӀоьхула хӀийза хӀурцӀалдиг, я цхьана кондар тӀера вукха кондар тӀе хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлгакӀеллахь я бецан кондаршлахь. ХӀоьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано тӀедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]