Заглавная страница:ЖӀалин-къоьрг

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 01:52, 30 января 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЖӀалин-къоьрг

ЖӀалин-къоьрг— Оьрсаша жӀалин-къоьргах «Щурка» олу. Цхьацца йолчу яртийн бахархоша «къоьрг» олу цунах. «Къоьр, къоьрг» бохуш ду цуьнан декар а. ДегӀана алкханчалла ду и хаза олхазар, жимма охьахьаьвзина юткъа еха зӀок а йолуш, деха ира тӀемаш а долуш, деха цӀога а долуш. ЦӀоганна тӀера къаьсташ дӀаяхна ю, юнаш санна, ира, шиъ мас. Когаш боцийра бу цуьнан. ЗӀакар тӀера бӀаьрга тӀоьхула коьрта туьтан тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз ду цуьнан. Логан го а Ӏаьржа бу. Лаг можа ду. Корта а, букъ а дешин бос бетталуш хьаьрса бу, жимма сийна бос а бетталуш. ТӀемаш сийна, цӀога баьццара ду, хьаж кӀайн ду. ЧукӀело стигалан басахь ю. Хаза олхазар ду иза.

Дахар ламанан лахенашкахь, аренашкахь, хин бердан йистошкахь, хинтогӀешкахь, боьранашкахь, баьрзнашкахь ду церан. ЖӀаьлин-къоьргаш дукха ю. БӀаьста яьлчи апрель баттахь Къилбехьарчу бовхачу мехкашкара схьайогӀу уьш, гурахь цига юха дӀакхелха. Баннаш дар гӀеринашца ду. Баннаш берд охкуш доху цара. Дукха хьолехь бердан лакхарчу чкъурах доху цара Ӏуьргаш. Цхьа метар ца кхоччуш кӀорга цу охку жӀаьлин-къоьрго. ТӀ аккха кӀеззиг охьаохкий, горга ор доккху. Цу чу бецан хаьлгаш, месаш йохкуш мотт кечбо. 5-8 кӀай хӀоа до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Дадар чехка а, атта а ду. ГӀеранаш йой лела уьш. ЗӀенан сераш тӀе а дечиган декъачу генаш тӀе а ховшу уьш. Декаран аз терсаш ду. «Къорг-къорг» бохуш. ХӀаваэхь едда йоьддушехь лоцу цо садолу хӀума, чуьрк а, моз а. Накхараш лелочарна зенаш до цара. Уггаре а церан мерза даар накхаран мозий ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]