Заглавная страница:ЦӀик-цӀик хьоза

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 23:18, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|ЦӀик-цӀик хьоза '''ЦӀик-цӀик хьоза''' — (en. Sedge Warbler), (...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЦӀик-цӀик хьоза

ЦӀик-цӀик хьоза — (en. Sedge Warbler), (Оьрсаша «Камышовка барсучок» олу). Генарчу малхбалехь Хьасан Ӏоман берда йистошца ду ЦӀик-цӀик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг яц билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа Ӏаьсан тогӀий йоцург. Оцу Ӏаьсан тогӀи чохь Ӏаьржачу толлан кондаршна тӀехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна тӀе а хоий декара иза иштта. «ЦӀик-цӀик-цӀик-цӀир-р-р-р!» олий. Дуткъа дегӀ а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. ХӀоьаш кӀайн хуьлу ал тӀедарчий а долуш 4-5. ХӀоьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу хӀумнаш йоу цара. Ӏаьсан тогӀийна лаххьа Шалажца йолчу ДалинтогӀи чохь а, Бекшан тогӀи чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Олхазарш