Заглавная страница:Ча
Перейти к навигации
Перейти к поиску
Бора ча (лат. Ursus arctos) олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла.
- Малхбузе Европехь кӀезига йисна черчий. Черчий хӀинца а йолуш ю Галицехь а, Балкански ахгӀайритӀехь а, Испани лаьмнашкахь а, Швейцарин цхьацца йолчу меттигашкахь а. Германехь, Англехь черчий яц.
- Вайн махкахь черчий дуккха а ю. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Юккъерчу Азехь хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а, Кавказан лаьмнашкахь а ю черчий.
- Ча адамашна доьхьал кхеташ меттигаш дукха хуьлу. Кхораш лахьо бахна зударий чано кхерош меттигаш а хилла.
- Дечке воьдучу стагана хьуьн чухула боьдучу некъа тӀехь Ӏаш ча гина. "ДӀаяла цигара, сайн гӀуллакхе дӀавахийта со!" олуш хилла стага, цунна адамийн мотт хууш санна. Ча, "ахьа дуьйца-
- <...>хьаха бацара суна" бохуш санна, шек а йоцуш, гай
- <...>ьоькхуш Ӏадда Ӏаш хилла. Шена цигахь Ӏен кӀор-
- <...> ча. Стаг доьхьал кхетчи, ведчи а вала меттиг боцуш
- <...> , цунна тӀе ца кхеташ, меллаша тӀех а яьлла
- <...>рчу когаш тӀе ира а хӀутту ча. ИрахӀоьттича
- <...> за. Хьалхарчу когашца хӀума хьала а оьца,
- <...>чано. Ча стомма ю, цӀога доца ду цуьнан, бо-
- <...> партала ю. Цхьана кхерамо меттах ца йок-
- <...> йисчи меллаша ду чанан болар. Сих-сиха сеца
- <...> шена напгӀа лоьхуш. Кхин долчу цхьана а хӀу-
- <...>цунна. Бакъду, цхьа кхерам тӀехӀоьттича, я адаман хьожа кхетчи, мара ирах а бохуьйтий, хьожа йохуш лаьтта иза, корта дӀай-схьай а хьийзош, и хьожа муьлхачу агӀонгахьара схьаеттало хаа гӀерташ. Жимма а шекъялла, таллархо герга гӀертийла хиъчи дӀаэккха ча. Ядар кхисса а луш жимма пурх а йоьрзий ду цуьнан. Амма ведчи тӀаьхьа кхиалур воцуш чехка йоду иза. Шена цкъа топ тоьхчи, шозлагӀа тоха ца кхуьуьйтуш таллархочунна тӀекхета иза. Мел лекха хиларх дечигана тӀе йолу ча, лахарчу гӀодца схьалаца генаш дацахь а. Хи чохь мека дан а хаьа цунна. Мел шуьйра хиларх, неканца хих дехьа а йолу ча. Гурахь ерстича хи чохь кест-кеста луьйчу иза. Гуьйре шелъелла хи тӀехь ша бичи и ша бохабой а луьйчу. Хи чуьра чӀара а лоцу цо. БӀаьррасил а, лерган самол а чӀогӀа ду цуьнан, хьожанца билгалонаш хаар. Мох болчу агӀор стаг цхьа километр генахь хилчи а, хьожа кхета чанна. Стаг гучу а валале цунах къаьхкий яда а йоду. Шена татанаш хезчи уьш цхьана а хьесапе ца хета чанна, ша хьожанца хӀума къасто Ӏемана хиларна.
- Ча Ӏай набарна дӀаюьжу, шен бен чохь бӀаьстаяллалц. Шен кога кӀел мотт а хьоькхуш Ӏуьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана кӀелахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, гӀоьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу тӀекхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. ТӀе догӀанан хиш Ӏийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела дӀайижа кечлуш, тӀехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо гӀаш-генаш буха а дохкуш кӀеда мотт буьллу. Наггахь ерг мотт а ца буьллуш, лаьттан цӀенкъи тӀе юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна кӀорнеш елахь, шен кӀорнешца юьжу иза Ӏаьнна дӀа. Ча Ӏаьнна дӀайижар Ӏаламан хьелашка хьаьжжина ду. Ӏа деха долчохь дукха Ӏуьллу юьжий, Ӏа доца долчохь кӀезиг Ӏуьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча Ӏаьнна цхьа кӀеззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха Ӏуьллу южий. ХӀунда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, тӀаккха цунна бӀаьста яллалц даа напгӀа дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь Ӏалашдо. Бенара гӀаьттича, йижна Ӏуьллуш тхьосделла дегӀ хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна дӀадалаза долу ло. ГӀа далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...
Къен елла бежна я дахка, изза бен кхин яа хӀума йоцуш меца лела ча. Цу хенахь дера а хуьлу, тӀеӀоттаелчи кхераме а ю иза.
- Аьхка хуьнан стом схьабаьлча гӀадйоьда ча. Ма-дезза даар хуьлу цунна. Цундела ча ерста, тӀаккха цунна Ӏа даккха атта хуьлу. Стен чано кӀорнеш йо. Шина-кхаа баттахь якхайо цо уьш. Ерстича чано 13-19 сантиметр стомма мохь юьлла бархӀ пуьнте кхаччалц 120-130 килограмм. Цундела кӀорнеш кийрахь кхио а, уьш кхаба а кхачанан хирхаташ цунна тоьа.
- Шиъ я кхоъ наггахь цул сов а хуьла чанан кӀорни. Нана ша йоккха елахь а кӀорнеш кегийра хуьлу. Кхиъна йогӀучу цициган кӀорнел бен ца хуьлу уьш. Иштта кегийра ца хилчи Ӏай шен бенахь уьш кхаба ницкъ хир бацара ненан. Ӏа даккха охьа ма-йижжи и кӀорнеш хилчи хала хир дацара нанна уьш якхо а, юзо а. Шен гӀора эшначу хенахь, Ӏа чекхдолуш йо цо уьш. Цундела уьш кхобуш гӀелло иза. Чан кӀорнеш шелонах чӀогӀа кхоьру. Цундела шайн ненан "кетар" кӀел хьерча уьш. Нанас яьӀна тӀе а хьовзайой дегӀа тӀе къуьйлуш шен Ӏаьнарца йохйо кӀорнеш. КӀорнеш йинчул тӀаьхьа шина баттахь хӀума ца йоу нанас. ХӀетте а мега иза шен кийра йиллина мохь хилар бахьана долуш.
- Чан кӀорнеш меллаша кхуьу. Анде евлича нанас шен бенара ловза ара йовлуьйту уьш. Амма Ӏуналла до цо царна. КӀорнеш ловзу вовшийн лергаш а ийзош, вовшех тийсалуш охьатухарех а леташ. ШозлагӀчу шаре яьлчи а нанас доладо царна,шеца охьа а йийшайо. Таллархо, я маьрша стаг тосавелчи нанас "мохь хьокхий" хаам бо кӀорнешка. Ша а, кхерам болчу меттера йодий гена йолу.
Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, жӀаьли-нускалаш а доу, массо а тайпа хьуьнан стоьмаш а боу, ялта а доу.
- Хьарс-хьоча тӀейолий, дитта лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара кхораш биъна ша яьлчи, кхурана тӀе а йолий генаш лестош кхораш а эгобо. Дитт ластийча охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена тӀе ийзош кег а деш боу цо.
- Кхораш дӀабевлича пепнаш а, бӀаьлланган бӀараш а, ножан бӀараш а доу чано. Уьш диъчи ча ерста. Акха никх карийчи и никх а бохабой моз доу чано. Накхарш лелочохь нехан никх бохабой а доу цо моз. Зингатийн барз а бохабой, зингатий а доу цо. Хи йистера тӀулгаш керчош тӀе-к Ӏел а дохуш, цу кӀелара нӀаьний а кхоьбарчий а йоу. Чано нал а йоь, говр а, бежна а йоь. Иштта ницкъ болуш ю иза.