Заглавная страница:Хьуьнан акха цициг

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 23:21, 16 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «300px|right|thumb|Хьуьнан акха цициг '''Хьуьнан акха цициг''' ({{lang-la|Felis silvestris}}) ол...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Хьуьнан акха цициг

Хьуьнан акха цициг (лат. Felis silvestris) олу. ЦӀахь кхобучу цицигах тера ду иза. Амма цулла жимма онда ду. ДегӀан дохалла 50-75 см. ЦӀога 25-35 см. ТӀера цӀока кӀеда а, чо луьста болуш а ю. ЦӀога томма а, месала а ду. Лергаш а вайн цӀерачу цициган санна ду цуьнан. Бос, жимма мекха лаьцчи санна, сира бу. Накха а, чукъело а хьаьрса ю. Пурхалхьа букъа тӀехь а, агӀонца а моханаш ю. Цуьнан деха, мокха и томмагӀнаш хедда ду. Корта а и томмагӀнаш хӀиттина къорза бу цуьнан. ЦӀоганна тӀехь мокха чӀагӀарш ю. ЦӀоганан йоьхьиг Ӏаьржа ю цуьнан.

  • Вайн Кавказан ламанан хьаннашкахь хуьлаш ду и акха цицигаш. Цхьаъ ша лела цициг. Дийнахь лечкъий Ӏа акха цициг дечиган хари чохь тӀулган бердашкахь, оьрнашкахь мохо охьатоьхначу диттан орамашна кӀел. Цуьнан даар коьртачу декъана олхазарш, дехкий ду. Кхин йолу садолу хӀумнаш а йоу цо. Оре дар февраль-март баттахь ду. Исс кӀирнах лела иза пхора. Къорнеш апрель-май баттахь йо. КӀорнешна саго 10-12 де даьлчи. Бен хари чохь я тӀулгийн херонашкахь бо цициго. Веданан а, Шелан а, Шуьйта а Ачхой-Мартанан а районашкарчу хьаннашкахь хуьлу и акха цицигаш.

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажорагаш

Кадегар:Акхарой