Заглавная страница:Къорзакъиг

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 18:47, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Къорзакъиг

Къорзакъиг— (Pica pica). Къорзакъийгах оьрсаша «Сорока» олу. Киртигаш а йолуш, деха ду цуьнан цӀога. ДегӀ вукха къийгийчулла ду. Корта а, гӀорта а, некха хьалхе а Ӏаьржа ю. Букъ а, цӀога а, тӀемаш а Ӏаьржа ду, кӀур биллича санна лепаш. ЧукӀело а, тӀемаш долчу тӀоьхлара а кӀай ю.

Кегийрачу хьаннашкахь, диттийн кондаршкахь, бошмашкахь хуьлуш ю кърза-къийкаш. Нехан бошмашкахь а, некъаца доьгӀначу дитташца а хуьлу уьш. Яккхийра хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь Ӏер долуш а, дӀай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Ядар хала ду къоркъийган, чехка доцийра тӀемаш а лестош. Лаьттахула цӀога ирах а дохийтий йолало иза. Баннаш дитташна тӀехь а, диттан кондаршна тӀехь а до цара, тӀоьхула тхов а беш. ХӀоьаш апрель-июль баттахь до 5-8. Сийно-баьццара бос а болуш, мокха тӀедарчий а долуш хуьлу церан хӀоьаш. Екаран аз зевне гӀаргӀаш беш ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]