Заглавная страница:Оьпа

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 17:52, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Оьпа

Оьпанох. Оьпа (оьрс. Хомяк) олу. Ялтийн аренашкахь, нехан хьаьжкӀаш юьйчу керташкахь а хуьлуш ю оьпарчий. Оьпа билгал ю чукӀело а, лога кӀелхьара а Ӏаьржачу босахь хиларна. Букъ хьаьрса бу цуьнан. Лерган яххаш, беснеш кӀайн ю. ТӀехьажарехь стомма а, партала а хетало иза. Амма иза партала яц, каде ю. Ялташна доккха зе до оьпарчаша. ОьгӀазе а, майра леташ а ю оьпа. Лата адамана доьхьал а йолу иза. ОьгӀазе дарлой, шок а етташ, цӀийза а цӀийзаш тӀекхета иза стагана. ЖӀаьла доьхьал нисделчи цунна хьалха тӀе а кхетий, и кхера а дой, йолу оьпа кӀелхьара. ТӀекхетий цергаш чӀогӀа юхку цо. Уьш дӀа-схьа ца йохуш, цергаш йоьхканчуьра дилх цосту.

  • Адамах къахкаш яц оьпа. Мелхо а уьш дехачу меттехьа герга гӀерта иза.
  • Оьпа ялта диъна ца Ӏа. Цхьа пунт хиллал ялта Ӏай даа тӀаьхьалонна дӀахьулдо цо лаьтта бухахь. Шена чохь Ӏен бен баьккхина ца Ӏеш йиъ-пхиъ чоь кечйо цо. Ялта чудухкуш "амбар", юьжу мотт, хӀума юу чоь, нехаш дӀакхуьссийла, хьоштагӀа. Багахь доьлашна юххехь 50 грамм ялта хьо цо. Цхьа кийла ялта ӀаӀош 20-зза дӀай-схьай йоьду иза. Цхьа пунт ялта тӀаьхьалонна дӀадерзош 320-за ялташ дийначу уьрда тӀе хьала а йолу, юха Ӏуьргах чу а йоьду иза. Ши метар кӀорга охка ца латта. Цо аьхъканчу Ӏуьрган дохалла йиъ метар, ах метар хуьлу. Оццулла чӀогӀа болх бан дуккху а хан еза цунна. Шена лиъчи чехка охку цо латта. Яьшки чу йоьллина оьпа, и а хадийна, пена кӀелхулацхьаметар, ах метар деха Ӏуьрг а даьккхина, дӀаяханера цхьана буьйсанна. Оьпанан бен шина агӀор чекхболуш хуьлу. Цхьанахьаша раз чуйоьдийла йокку цо. Вукхазхьашхула нисса хьалайолийла йо. Къоначара чуйоьдийла цхьаъ бен ца йо.
  • Ӏай йийшина Ӏохку оьпарчий. Бакъду, массо а хенахь ца йо цара наб. ХӀума яа самайовлу уьш. Ӏай наггахь бенара хьала а йолу оьпа, довхо де деъчи.
  • Оьпа гурахь кхин долу акхарой санна чӀогӀа ца ерста. Цундела юуш хӀума а йоцуш Ӏа даккха гӀора ца хуьлу цуьнан. Дехкаша санна Ӏай напгӀа лаха корматалла яц оьпанан. Ша тӀаьхьалонна гулдина ялта доу цо Ӏай. Оьпано садолу хӀумнаш а йоу. Жима а, доккха а экха дац оьпаночул дукха кӀорнеш еш. Ейтта а, пхийтта а, берхӀитта а кӀорни йо цо цкъа ехкаш. Ши кӀира кхаьччи кӀорнеша шайна къаьс-къаьстана, лаьттах охкуш, баннаш до.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]