Заглавная страница:Къуръан

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 03:30, 14 августа 2019; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Керла агӀо: «thumb|394.65596790371114x394.65596790371114px|[[Аль-Фатихьат сурат]] '''Къуръан''' — ({{lang-ar|أ...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску

Къуръан — (араб. ألقرآن الكريم‎, аль-Къуръануль карим - комаьрша Къуръан) — бусалбан деза жайна ду. «Къуръан» боху дешан маьӀна Ӏаьрбийн маттахь «хозуьйтуш дешар» а, «хьехам» а бохург ду(Коран, 75:16-18)[1][2].

Исламехь ма-бохху, Къуръанехь яздинарг АллахӀ делан къайле ю Мухьаммад пайхамарца Шаблон:С.Ӏ.в. дийцина ма-дарра къамел а ду. Къуръанан сураташ дӀанисдинарг кхоалгӀа халиф Ӏусман бин Ӏаффан ву[3].

Къуръанан суратийн исписка

ЦӀе Ӏаьрбийн цӀе Гоч
1 Фатихьат الفاتحة Схьадоьллург
2 Бакъарат البقرة Етт
3 Али Ӏимран آل عمران Ӏимранан доьзал
4 Нисаъ النساء Зударий
5 Маидат المائدة Шун
6 АнӀам الأنعام Даьхни
7 АӀраф الأعراف Дуьхьалонаш
8 Анфаль الأنفال ХӀонс
9 Тавбат التوبة Дохкодалар
10 Йунус يونس Юнус
11 ХӀуд هود ХӀуд
12 Йусуф يوسف Юсуп
13 РаӀад الرعد Стигал къовкъар
14 ИбрахӀим إبراهيم ИбраьхӀим
15 Хьиджр الحجر Хьиджр
16 Нахьль النحل Накхармозий
17 Исра́ъ الإسراء Исраъ
18 КахӀф الكهف Хьех
19 Марйам مريم Марьям
20 ТӀа ХӀа طه ТӀа ХӀа
21 Анбийаъ الأنبياء Пайхамарш
22 Хьадж الحج Хьаьж
23 Муъминун المؤمنون Делех тешарш
24 Ну́р النور Нур
25 Фуркъан الفرقان Башхалла
26 ШуӀараъ الشعراء Илланчаш
27 Намль النمل Зингаташ
28 Къасас القصص Дийцар
29 Ӏанкабут العنكبوت Гезг
30 Рум الروم Рим
31 Лукъман لقمان Лукъман
32 Саждат السجدة Сужда
33 Ахьзаб الأحزاب Ахьзаб
34 Сабаъ سبأ Саба
35 ФатӀир فاطر Кхоллархо
36 Йа Син يس Еса
37 Саффат الصافات МоггӀар дӀахӀиттинарш
38 СӀад ص Элп СӀад
39 Зумар الزمر ЖӀуга
40 ГӀафир غافر КъинтӀера волаг
41 Фуссилат فصلت Кхетораш
42 Шура الشورى Совет
43 Зухруф الزخرف Хаздар
44 Духан الدخان КӀур
45 Джасийат الجاثية ГорхӀоттар
46 Ахькъаф الأحقاف ГӀамаран баьрзнаш
47 Мухьаммад محمد Мухьаммад
48 Фатхь الفتح Толам
49 Хьужурат الحجرات Чоьнаш
50 Къаф ق Къаф
51 Зарийат الذاريات Чан дIасаяржораш
52 ТӀур الطور Лам
53 Нажм النجم Седа
54 Къамар القمر Бутт
55 Рахьман الرحمن Къинхетамениг
56 ВакъиӀат الواقعة Хилам
57 Хьадид الحديد Эчиг
58 Муджадилат المجادلة Дуьхьаллера
59 Хьашр الحشر Гулам
60 Мумтахьанат الممتحنة Зер
61 Саф الصف МогӀанаш
62 ДжумӀат الجمعة ДжамаӀат
63 Мунафикъун المنافقون Шалхолелораш
64 ТагӀабун التغابن Ша-шен Ӏехадар схьадаьллар
65 ТӀалакъ الطلاق Галморзахдахар
66 Тахьрим التحريم Ца магор
67 Мульк الملك Бакъо
68 Къалам القلم Къолам
69 Хьаккъат الحاقة Хилаза ца долу
70 МаӀаридж المعارج ТӀегӀанаш
71 Нухь نوح Нухь
72 Джинн الجن Джинн
73 Муззаммиль المزمل Юккъехьарчориг
74 Мудассир المدثر ДӀахьовзориг
75 Къиямат القيامة Къематде
76 Инсан الإنسان Адам
77 Мурсалат المرسلات Дахьийтар
78 Набаъ النبأ Хаам
79 НазиӀат النازعات Синош дохурш
80 Ӏабаса عبس Кхоьлина
81 Таквир التكوير ДӀахьарчор
82 ИнфитӀар الانفطار Стигал екъаялар
83 МутӀаффифин المطففون Терза эшораш
84 Иншикъакъ الانشقاق Стигал ятIар
85 Бурудж البروج Зодиакан седарчийн гуламаш
86 ТӀарикъ الطارق Буьйсанан некъахо
87 АӀла الأعلى Сийлахь-Везаниг
88 ГӀашийат الغاشية ДIахьулдийриг
89 Фаджр الفجر Ӏуьйре цӀийъялар
90 Балад البلد ГӀала
91 Шамс الشمس Малх
92 Лайл الليل Буьйса
93 Духьа الضحى Ӏуьйре
94 Шархь الشرح Накха схьабеллар
95 Тин التين Инжир
96 Ӏалакъ العلق ЦӀийн улх
97 Къадр القدر Билгалдаккхаран буьйса
98 Баййинат البينة БӀаьрла билгало
99 Залзалат الزلزلة Латтадегор
100 Ӏадийат العاديات Хахкаелла йогӀурш
101 КъариӀат القارعة Боккха бохам
102 Такасур التكاثر Хьал дебор дезар
103 Ӏаср العصر Малхбузан хан
104 ХӀумазат الهمزة ТIаьхьашха луьйриг
105 Филь الفيل Пийл
106 Къурайш قريش Къурайшаш
107 МаӀун الماعون Кегийра хӀуманаш
108 Кавсар الكوثر Шорто
109 Кафирун الكافرون Гаураш
110 Наср النصر ГӀо
111 Масад المسد Нахлун-диттан хьесий
112 Ихлас الإخلاص Динан цIоналла
113 Фалакъ الفلق Садаржар
114 Нас الناس Адамаш

Чулацам

Къуръанан

Къуръанан чохь 114 сурат ду тайп-тайпана дохала долуш (3 тӀиера 286 аятан тӀекхаччалц, 15 тӀиера 6144 деше кхаччалц)[1]. Дерриг сураташ аяташна декъна ду. Тайп-тайпанчу дагардаршца Къуръан чохь 6204 - 6236 аят[1][4] а, 320 эзар сов элп а ду. Къуръан кхин а декъна ду ворхӀ цхьатеррачу декъе (манзилшна) цхьана кӀирнах деша атта хилийта. Къуръан 30 декъе (джуз) декъаро, аьтту бо Къуръан деша цхьаьна баттахь.

Бусалбачеран ламастаца, сураташ доькъу Маккарнаш — Мухьаммада (АллахӀера салам-маршалла хуьлда цунна) хиджра (Мадината кхалхар) дан ле я цига воьдуш новкъахь диссина долу, — Мадинатарнаш — Мадинатехь я хиджра динчул тӀехьа цхьанхьа новкъахь диссинарш а.

Къуръанан чулацам хийцалур болуш бац, хӀунда аьлчи Лекхачу АллахӀа лардан тӀелаьцна Барт хӀотту де даллалц(Коран, 15:9):

Бакъдолуш, Оха доссийна Дагадаийтар, Оха лардеш ду иза

Къуръанан дерриг сураташ, иссалгӀаниг доцург, долало дешнашца: «Къинхетаме а, Совкъинхетаме а волчу АллахӀ цӀарца доладо». Къуръанан хьалхарчу суратехь и дешнаш хьалхара аят долуш далийна.[1]

Сураташ, цхьадерш доцурш, Къуръан чохь хронологица хӀиттийна дац, ткъа церан бараме хьаьжжина ду: хьалха лаьтта деха сураташ, тӀаккха тӀехь-тӀехьа аятан барам лахлучу кепара хӀиттийна[1][5].


Къуръанан сураташ

114 — Сурат Ан-нас (Адамаш).

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. 1. Ахьа ала: «Со ларло адамийн Кхиорхочуьнца ,
  2. 2. адамийн Паччахьца ,
  3. 3. адамийн Делаца ,
  4. 4. (вониг) хьоьхучун, генадолучун вонах
  5. 5. ша адамийн кийранашка вониг хьоьхуш долчу
  6. 6. жинех а, адамех а» .

12 — Сурат (аят 4) Йусуф (Юсуп)

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. Юсупа элира шен дега: «ХӀай сан да! Суна гӀенах цхьайтта седа гира, малх а бутта гира суна, сайн суждане даьхкина».

113 — Сурат Аль-фалакъ (Садаржар).

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. Ахь ала: «Со ларло садаржочу Делаца
  2. Цо кхоьллинчуьнан вонах ,
  3. боданан вонах а иза чӀагӀбелча ,
  4. шеддашчу Ӏаеттачеран вонах а ,
  5. хьагӀлелочун вонах а, цо хьагӀлелийча» .

106 — Сурат Къурайш (Къурайшиташ)

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. Къурайшин цхьана тайпана дуьхьа,
  2. Ӏай а, аьхка а церан цхьана леларх,
  3. Охьа товӀар бу-кх уьш оцу цӀийнан (КаӀбатан) делан,
  4. Уьш меца болчу хенахь кхиина, халонех кӀелхьара баьхначунна.

112 — Сурат Аль-ихлас (ДогцӀаналла)

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. Ахь ала: «И АллахӀ цхьаъ ву,
  2. АллахI — хьаштверг ву,
  3. Цо ца вина, Иза а ца вина,
  4. Ца хилла Цуьнга тера цхьа а»

111- Сурат Аль-масад (Диттан хьаса)

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахӀан цӀарца

  1. ХӀаллак хили Абу ЛахӀабан ши куьг, иза а хили хӀаллак
  2. Хьалха ца ваьккхи и шен бахамо а, ша гулдинчо а
  3. Алу йолчу цӀерга гӀур ву иза а,
  4. цуьнан зуда а, дечиг кхоьхьуш йолу
  5. Шен кочахь диттан хьаса а болушКъуръан


Къуръанан истори

VII бӀешерера куьйга яздина Къуръан

Къуръан доьссина дуьнен тӀе АллахӀера дуьззина Лейлатуль-Къадр буса, амма Джабраил малико пайхӀамарна Шаблон:С.Ӏ.в. делла иза дакъошкахь 23 шарахь(Коран, 17:106). Дин даржош, Мухьаммада Шаблон:С.Ӏ.в. дукха хьехамаш бина. Цуьнца цхьаьна ша АллахӀа цӀарах дуьцург Къуръанан тӀиера бен ца дуьцура. Мухьаммадан Шаблон:С.Ӏ.в. еша а, яздан хууш ца хилла, аяташ дӀаяздойтуш хилла. Амма цхьа дакъа дӀаяздар бахьнехь ца дисина, ткъа дагахь Ӏамийна дисина. Дерриг а 114 сурат, 30 джуз хилира. Къуръан хронологица хӀоттийна дац. ТӀаккха а цхьацца агӀонаш ю хенаца сураташ къасто. Масала сураташ декъна ду Макканаш а, Мадинатанаш а.[6].

ПайхӀамар Шаблон:С.Ӏ.в. дийна волуш яздина Къуръан оьшуш дацара — муьлхха а ца кхеташ дерг ша Мухьаммада Шаблон:С.Ӏ.в. хьоьхура. Иза кхелхинчул тӀаьхьа, сиха даьржачу исламан ийшира пайхӀамаран Шаблон:С.Ӏ.в. бетехула схьадеана долу йозанан закон. Иза бахьнехь Абу Бакра а, Ӏумара а (АллахӀ реза хуьлда царна) тӀедиллира пайхӀамаран Шаблон:С.Ӏ.в. уллохь леллачу Зайд ибн Сабитан (АллахӀ реза хуьлда цунна) вовшахтоха долаш долу яздинадолу пайхӀамаран Шаблон:С.Ӏ.в. дешнаш. Дикка сиха чекхбаьккхира Зайда (АллахӀ реза хуьлда цунна) шен болх, юьхьанцара Къуръанан вариант гайтира. Оццу хенахь изза болхбеш бара кхин нах. Иштта АллахӀан къамелан кхин диъ жайна хилира. Зайдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) тӀедиллира пхий а редакци цхьаьнатохар, и болх чекхбаьлча хьалхалера пхи жайна дӀадаьккхира. ЧӀогӀа хазахеташ доьшуш хилла Къуръан халифа Ӏусмана (АллахӀ реза хуьлда цунна), иза вуьйчу хенахь Къуръан доьшуш хилла боху. Ду боху шира куьйга яздина Къуръан, дийцарехь, тӀехь халифан цӀий долуш[7].

Мухьаммад Шаблон:С.Ӏ.в. кхелхинчул тӀехьа, хьалхарчу иттаннаш шерашкахь къийсамаш буьйлабелира бусалба нахана юкъахь. Уьш бекъабала буьйлабелира тобанашка — суннаш, хьариджийш, шиӀийш. Царна юкъахь яздинчу Къуръанан цхьацца долчун реза боцурш а бара. Суннийш шеко йоцуш къобал йира Зайдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) текст. Хьариджий реза ца хилира шен вежарша Мисаре лолле воьхкинчу Юсупах (ӀалайхӀи салам) лаьцначу 12 суратан. Хьариджийшна гарехь, сурато эвхьаза дуьйцу Мисран хьаькаман зудчо Юсуп (ӀалайхӀи салам) Ӏехо гӀортар. ШиӀийшна хетара, Ӏусманан (АллахӀ реза хуьлда цунна) омрица Къуръан чуьра Ӏелех лаьцна меттигаш дӀаяьхна. ТӀаккха а массара а лелийра Зейдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) верси[7].

Цуьнан цӀаро ма-баххара, Къуръан хезаш деша дезаш дара. Хан-хене мел йолу Къуръан дешарах дийнна говзалла хилира. Иштта хӀоранна а дагахь хаа дезаш дара Къуръанан дакъа. Хьалха а хилла, хӀинца а бу дерриг Къуръан дагахь хуурш – хьафизаш. Къуръан доккха беркат ду адаман, ладаме меттиг ю цуьнан адаман дахарехь, дика дешаран гӀирс а бу иза. Къуръан Ӏарбийн маттахь доссарна, иза Ӏамадарца баьржа Ӏаьрбийн мотт. Исламах йолу литература, муьлххачу маттахь иза елахь а, Къуръанан тӀе хьажоргех юьззина ю[6].

Билгалдахарш

Шаблон:Билгалдахарш

Хьажоргаш

!

  1. 1,0 1,1 1,2 1,3 1,4 Резван Е. А. Зеркало Корана //«Звезда» 2008, № 11
  2. Бибикова О. П. Коран // Энциклопедия Кругосвет (С.1, С.2, С.3, С.4, С.5, С.6)
  3. Али-заде, А. А., 2007, Зейд ибн Сабит.
  4. Айа // Религия: Энциклопедия / сост. и общ. ред. А. А. Грицанов, Г. В. Синило. — Шаблон:Мн.: Книжный Дом, 2007. — 960 с. — (Мир энциклопедий).
  5. Шаблон:БСЭ3
  6. 6,0 6,1 Глава 58 Коран, предание и фик // Иллюстрированная история религий в 2-х тт./ Ред. Проф. Д. Л. Шантепи де ля Соссей. Изд. 2-е. М.: изд. отдел Спасо-Преображенского Валаамского монастыря, 1992. Т. 1 ISBN 5-7302-0783-2
  7. 7,0 7,1 Глава 9 Ислам: теория и практика//Л. С. Васильев. История религий востока. — М.:Книжный дом «Университет», 2000. ISBN 5-8013-0103-8