Заглавная страница:Нохчийн меттан дицлуш лаьттачу дешнийн маьIна
Перейти к навигации
Перейти к поиску
А
- абат /ду/ — магийнчу рогIехь дIахIиттийна элпаш /азбука, алфавит/
- абат /ю/ — аьзнаш, элпаш /йоза-дешар/ Iамо книга /букварь/
- агIаз /бу/ — жима гезг
- агIо /ю/: книгин агIо /страница книги/
- агIо /ю/: гонахара агIо /сторона/
- агIо /бу/ дегIан ха ду /бок/
- атлам /ду/ — хьеран кеманан дакъош вовшахлатош, тухуш хилла атланаш /скобаш/ арахис /ю/ — лаьттан бIар /земляной орех/
- аркхо /ю/ — нускалан кирхьа дIаолла тосу тIийраг
- алха — къажбан, самсабаккха /тIаргIа/
- алхар — къажбар, самсабаккхар /тIаргIа/
- алхийта — къажбайта, самсабаккхийта /тIаргIа/
- ахкарг /ду/ — юккъе хи хIуттуш, мачо кога кIелара я цуьнан пIелга тIера чкъор совсор
- айп /ду/ — сакхт
- айпе — сакхте
- акха — декха
- ал — таьIна-боьмаша, таьIна-цIен
- амалт /ду/ — стагах тешийна дитина хIума
- аре гезъян — аре идо
- ант /ду/ — кхачамбацар, сакхт, ледарло, гIалатло
- асар /ду/ — чIогIа хаалуш болу синхаам /страсть, сильное чувство/
- ашуг /ву, ю/ — илланча, иллиалархо
- ача, очу, аьчна /хьаша, хьошу, хьаьшна/
- ача /ю/ — е чохь чIагIделла чкъор, таш /накипь/
- ачо /ю/ — хьагI, гамо, цабезам, хьу.
- акхтарг /ду/ — детин басахь чкъор а, нийса гIад а долу, толлан кепара дитт /тополь серебристый/
- аьлча /бу/ — 1) гIулган агIо; 2) аьтто
- аьхза — осала, цIармата
- аьхзалла /ю/ — цIарматалла, осалалла
- аьрзу /ю/ — хьаьвзина зIок йолу, нуьцкъала, акха, ламанан я аренан олхазар /орел, беркут/ аьста /ю/ — дечиган чкъор доккху гIирс
- аьрша /ду/— 1/ ворданан гIуркх; 2/ метрал кIезиго йохалла
Б
- бага — буста, хазбан /некъ/; тега, хазбан, хабо /басма/
- бага /ду/ — мехийн кепара деха, дуткъий гIаш а, горгий стоьмаш а хуьлуш долу дитт /сосна/
- бага /ю/ — бат, бетан чоь
- баймакх /бу/ — 1/ боккха ког, 2/ чен ког
- балл /ю/ — юуш ерг, стом, муттане таьIна-цIен стом а, цуьнан дитт а
- балл /ду/ — тоьпан хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг
- бал /бу/— 1/ хелхар; 2/ кехатех ловзар
- базаръачу /ду/ — шатайпа бага кхорзу туьха
- бажа /ву/ — шина йишин ши майра
- база /ду/ — елка, Iай а, бIаьста а сийна лаьтта дитт
- бакъе /ю/ — кIадинан а, кехатан а, орденан а, медалан а бакъ агIо, ткъа харце /ю/ — харц агIо.
- бакъо /ю/— 1/ Iилманехь хиламийн юкъаметтигаш а, законаш а билгалден некъ;
- 2/ халкъан оьздачу гIиллакхаша а, пачхьалкхо а хIиттийна а, ларъеш а йолу бакъонаш а, норманаш а.
- баттам /ю/ — жима кIудал
- баьхьа /бу/ — дечиган бел
- бекх /ю/ — кетар, тулуп
- берч /ю/ — дукха дIахьекхалуш, дегIан дилхан чкъор стамлуш, чIагIлуш хIоьттина бог /мозоль/
- бевдала — дIакъаста, шадала
- бежаIуьнабаппа /ю/ — орамат, мохохьуриг, можа зезагаш а, мохо довдош чоьш а долу орамат
- берданг /ю/ — топ
- баIар /бу/ — чу атарш юхкуш, гех баа кечбина кхача
- битам /бу/ — амат
- бол /бу/ — хьеран ял
- борш /ю/ — старгIа /бычок/
- борщ /ю/ — чорпа
- бошто /ю/ — шо кхаьчна бож
- бочабIар /ду/—доккха бIар
- бIаьллангабIар /ду/ — жима бIар
- бIежу /ю/ — лаьттах даьккхинчу Iуьргахь еха гезг
- боргIал /ю/ — нIаьна
- балам /бу/ — белш
- бероза — къорза /котам/
- бухта /ю/ — хIордан залив, айма
- болар /ду/ — боларахь, меллаша яхар
- бугIул /ю/ — белшах тосу тIоьрмаг /рюкзак/
- барч /бу/ — 1/ хечин хьуьнжар тIетосийла, 2/ баьрчера меттиг
- баьрче /ю/ — баьрчера, сийлаллин меттиг /почетное место/
- боьлак /ю/ — къона, жима хьун
- бумзи /ю/ — кIади
- буркъаш /ю/ — хи тIехулара сийсаш хилар
- буппаз /ю/ — чхьоч, стомма, дерстина адам
- бурсанаш /ю/ — коьллаш, юькъа, луьста коьллаш
- бургат /ю/ — жима хорбаз
- бурко /ю/ — йовхо, йовхонан тов, тIех йовхо /зной/
- бIоста /ю/ — дагаран шуьйра агIо
- бIарза /ю/— 1/ вир; 2/ пондаран мерзашна кIел юьллу дечиг
- бIарлагIа /ю/ — гIаларт
- бурам /ду/ — адамаш, ворданаш, машинаш хих дехьайоху паром
- буьйр /ду/ — омра /приказ/
- бангIара — ший а бIаьрг чуьчча хьоьжург
- буьйра /ду/ — хIоьа чуьра юккъера можа дакъа
- бIаьлланг /ю/ — бууш болу стоьмаш — кегий бIараш тIехь хуьлу колл /орешник/ бIорзгал /ю/ — вон сагург
В
- ватт /ду/ — дебо, кхио даьхни далар
- варкхал /ю/ — тхов тIе чIагIонна йиллина дечиг /сторпал/
- варш /ду/ — юькъа, луьста хьун
- вехьар — кIадвелла, сиха садеIар
- валти /ду/ — аганан жима гоь
- васхал /ю/ — хIума дIаюьллу терхи, хIума дIауллу гажалг, хьостам вескет /ю/ — мескат, меха /цIоканан тай/ хадо кечдина у
- васхалъяккха — гучу метте, лакхаяккха
- воьта /ду/ — 1/ шен гIодах эханг ден хьаса а, хIух даьтта а доккху буц; 2/ цуьнан хIух
Г
- гала /ду/ — гала-гIожмех ловзуш, бераша ловзош йолу дечиган ехо-горга хIума
- гирда /бу/ — 12 кг чуйоьду жима моьрка
- гоьмукъ я гоьмагI /бу/ — генна хьалха тIамехь лелош хилла, гIуркх санна, беха цамза гахIар /ду/ — кIади тIехь, бедар тIехь хуьлу киртигаш /дакъош/
- гипербола /ю/ — хIума дестош дийцар
- гечо /ду/ — хи гомха долу меттиг /брод/
- гиба /ю/ — шуьйра бертиг йолу кхийра кхаба
- гаьллаш /ю/ — дуьрстан тIехь хуьлуш йолу аьчган говрана багаюхкурш
- герма /гарма ю/ — патарми чу буллу бехчалган, я кехатан, я бIегIиган тIус /пыж/
- гуй /ду/ — жIаьлина доьша дутту ной
- гоьрда /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тоьлла тур /гурда/ /пхьеро ГIоьрдас динчу туьрах аьлла гоьрда, цул сов, вайн турпалаллин иллешкахь а цу туьрах гоьрда олу/
- гел /ю/ — тIергаца хьовзош чIагIъеш, хIума дIайоьхку дечиг
- гезъян — идо
- гул /бу/ — хиэнан я кхечу диттан хадийна даьккхина гIад
- ге /ю/ — нанапIелганий, хьажочу пIелганий юккъера юкъаметтиг
- галц /ю/ — ор долчохь кхоссаялар, залк
- гаьзло — аьрру куьйга гIуллакх дийриг, болх бийриг
- гIала /бу/ — стен сай, шоьккаре
- гIайна /ду/ — тоьгуна, тир
- гIайна дар — тоьгуна дар, тир яр
- гIазанча /ву, ю/ — дежурни, шен рогIехь белхан декхар кхочушдийриг
- гIарол /ю/ — сахьтан цамза
- гIарол /ду/ — ха
- гIатакх /ду/ — кхоам бар, таро яр
- гIаролхо /ву/ — часовой, хехо
- гIирт /ю/— 1/ стоьмийн даа ца мега чкъор; 2/ бедар бехъеш цунна тIелеттарг
- гIагI /ду/ — хьалхалерчу заманахь тIамехь лаза ца вайта лелош хилла метталлан чIагарех еш хилла бедар
- гIина /ду/ — месийн басар
- гIире — кIоршаме, кхоьлина, оьгIазе
- гIирс /бу/ — коьчал, ортхал
- гIийбат /ду/ — эладита, цадогIург дийцар
- гIиргIа /ду/ — куьйранан а, лечанан а тайпанара, даккхий тIемаш долу олхазар /кобчик/ гIонжагIа /ду/ — охьа ца йожийта, нуьйра тIе хIума дIайоьхку доьхка, нуьйран доьхка /торока/
- гIурчо /ю/ — черманан хIоз
- гIели /ду/ — гIумгIа хазъян цунна тIехула дуьллу металлан чкъор
- гIаргIа /ду/ — акхтарган кепара дитт /вид тополя/
- гIос /бу/ — цинц, дакъа
- гIореш /ду/ — 1/ вертанна деш долу басар; 2/ цомгушниг гIоле хилийта тIехаош лело дарба
- гIота /ю/ — жоьла, уьстагIий Iалашден меттиг
- ГIоба /ю/ — Кубань
- гIобанхо /ву, ю/ — кубанец, кубанка
- гIов /ю/ — дитташна а, гIашна а, тхевнна а, пенна а тIебиллина ша.
- гIумгIа /ю/ — хи дуттуш лело хIума
- гIордаз /бу/ — яккхий киртигаш йолу ков бу /рашпиль/
- гIомалла /ду/ — гIам хилар /колдовство/
- гIарбу /ду/ — вертанан Iаьржа басар
- гIарлу /ю/ — нох цIандеш йолу хIума
- гIама /ю/— 1) тур, 2) алах я чах йина жима рагI гIиргIазо /ву, ю/ — киргиз, киргизка
- гIоьмеш /ю/ — куьйгехъюхкурш /наручникаш/. гIаккхар — агIор хьуьйсуш бIаьргаш берг
- гIуьнжара — цхьа бIаьрг агIор хьоьжург
Д
- дага /ю/ — дагаран гIаж
- дак /ду/ — толлан кепара, кIеда, месала дитт /верба/
- дакх /ду/ — гIода тIехь кIайн чкъор а, даккхий гIаш а долу дитт /береза/
- дажал /ву/ — ницкъ болу стаг
- дарта /ю/ — тодакх /дрофа/, деха лаг а, нуьцкъала когаш а болу аренан доккха олхазар даста /ду/ — пхи цIока
- дастама — ирча
- дайлла — дайн хилар, деза цахилар
- дацой, деций /ду/ — ламанан уьстагIий
- дера /ду/ — бецаш йохош схьаяхар /потрава/
- дерадуьллург /ю/ — кхаьнчатосург /лобогрейка/
- дирша /ю/ — маIаш йоцу бежан
- до /ду/ — лергахь хуьлу балозах тера хIума
- дол /ду/ — куьйгера гоьле кхаччалц долу пхьаьрсан дакъа
- дос /ду/ — дечиг
- досбух /ю/ — даго дечиг кечден меттиг
- дот /ю/—леррина кечйина пулеметийн точка
- дужа /ю/ — цхьа тайпа шийтта хIума /дюжина/
- деца /ю/ — дейиша
- долма /ю/ — голубцеш /юург/
- дола /ду/ — терго, хьожуш, ладугIуш хилар
- долла /ду/ — да хилар /отцовство/
- долалла /ду/ — долахь дерг, долахь хилар, хьал, бахам
- дур /ду/ — говрийн когийн /бергийн/ тата
- дурс /ду/ — билгалдар, нийса билгалдар
- дуррас — нийсса хилар
- дурга /ду/ — накхармезан мутта /нектар/
- дургале /ду/ — олхазар, лечкъардиг, мерцхалдиг /стриж, йоца зIок, дехий тIемаш, Iаьржа бос болу жима олхазар
- дуьхьлоцу /ду/ — стеран маьIах а тосуш, каралоцу урх
- дуушто /ду/ — шена тIехь бууш болу муьста-мерза цIен стоьмаш болу, пелаган кепара гIа а, нийса гIад а долу колл я дитт /ясень/
- дуьхьарг /ду/ —дуьххьар бехкаш болу къона етт /нетель/
- дIама /ду/ — эчиг хадо хIума /зубило/
- дIама /ю/ — ира муцIар а, беха, луьста тIаргIа а болу жима экха /барсук/
Ж
- жамбалт /ду/ — доккха диг
- жоммагIа /ду/ — жима диг
- жаргIа /ю/ — стен хьакха, нана-хьакха
- жаматта /ю/ — жа латто меттиг
- жоьла /ю/ — гIота, жа Iалашден керт /кошара, кутан/
- жигара — мало йоцуш, каде, хьуьнаре /активный/
- жигаралла /ю/ — каде, хьуьнаре, мало йоцуш хилар /актнвность/
- жилIалам /ду/ — Iалам /природа/, лаьтта тIехь, дуьненахь долуш дерг /садолу а, садоцу а хIума дерриге а/
- жигархо /ву, ю/ — жигара, хьуьнаре къинхьегамхо /активист, активистка/
- жерахь — хьалхехьо
- жIамар /ю/ — Iаьнан шелонна коран бIаьрга тIехь хIоьттина, хаза тIамар /узор/
- жIайхо /ву, ю/ — аварец, аварка
- жIайрахо /ву, ю/ — джераховец, джераховка
- жулар /ю/ — говрана бага юхку гаьллаш йоцу дуьрста
- жут /ю/ — олхазарийн тоба
З
- залк /ю/ — ор долчохь оьккху галц /цолк/
- замо, -й /ву, ю-бу/ — нускал майрачун цIа дига баханарш
- занжабил /ю/ — Iамбар, тропически бецан ира, хаза чам.
- зарзар /ю/ — хаза эшарш локху, боьмаша-сира бос болу хаза олхазар /соловей/ закъалт /ду/—тешамана каралург
- зебар /ю/ — лейка, ведаран кепара, трубка йолу хиштухург
- зеразакъ /ю/ — 1/ лайх бина лекха барз; 2/ хIума хьалаойу гIирс
- зорх /ю/ — дийнатийн юург охьу хьер — желудок животных
- зоьпар /ду/ — йойначу меженна и нисъялийта тIелато онда хIума /у/ зез /ду/ — готта гIа долу дитт /лиственница/
И
- инжил /ю/ — библин дакъа
- инжир /ю/ — къилбехьара дитт а, цуьнан стом а
- инкарло /ю/ — резавацар, хьагI, дуьхьал ойла исхар /ду/ — машин тайпа /сукно/ ирко /ю/ — цахIоттар, озавалар, кхерар, сацамбацар
- ишлик /ю/ — талба /ичмик/. нуьйра .кIел, говран букъа тIе, юьллу бIегIиг
Й
- йорт /ю/ — жима чабол, кегийра когаш бохуш говр ядар /рысца, мелкая рысь/ йоргIа /ю/ — цхьабосса аьтту, тIаккха аьрру когаш тухуш, говр ядар /иноходь/
- йи /ду/ — пиво
- йиз /ду/ — цIастанан я йоьзан тайпа /медь/
- йиппар /ю/ — хаза хьожа йолу буц
- йилбаздин /бу/ — йилбазговр, шайтIанкема /стрекоза/, дуткъа дегI, даккхий, сирла, чекхсагун тIемаш долу сагалмат
- йилбазкIудал /ю/ — цергашна дарбане йолчу бецан тайпа
- йис /ю/ — баца тIе я дитташ тIе диллина дуткъа лайн чкъор /иней/
- йовхатар /ю/ — маьхчил тIаьхьара гергара зуда
- инфикс /ю/ — керла дош кхуллуш, орамна юккъе хIутту аффикс: кIаг — кIорга, хьаса — хьаьрса, моз — мерза
- йийбар /ю/ — цIера хIуманаш: мотт-гIайба а, пхьегIаш а, кхиерг а
- йохкунча /ву, ю/ — шех амалан хIуьмалгаш дохку адам
- йоьхуна /ю/ — нускал далийча луш болу там
- йоIбIаьрг /бу/—бIаьрган чкъура кIел долу сагойту горга дакъа /зрачок/
К
- када — 1/ елха, 2/ кадам бан
- кадам /бу/ — 1/ кадам бар; 2/ елхар
- кап /ю/ — кеп хIоттор, суртхIоттор
- канво /ву/ — лаьцна стаг ларвен гIаролхо
- карс /ю/ — аса, муш
- Калак /ю/ — Тбилиси
- калакойн Iежащ /ду/ — Калакара /Тбилисера/ Iежаш
- корсам /бу/ — месала куй санна хеталун, кхуран генаш тIехь, я лаьттахь, я тIулгаш юкъахь хуьлуш йолу, я орам а, я заз а доцу зирхан орамат /мох/
- карса /ю/ — еха аса, беха муш карсол /ю/ — хи дало саьнгар
- карсхьокхург /ю/ — говран кога тIера хьаьтт
- келап /ю/ — туп: ахчанан келап — ахчанан туп
- керлахо /ву, ю/ — балха юкъа керла пайде агIонаш ялош вапу къинхьегамхо /новатор/ керч /ю/ — кетар
- кит /ю/ — хIордан йоккха дийнат /иза хи чохь хуьлучу йоккхачу яйнах тера хуьлу/
- кийтарло /ю/ — харцдар, бакъцадар, даре цадар /отрицание/
- кит /ду/ — дийнатан цIоканан кочалла чохь латто жима тIоьрмаг /бурдюк/
- карчолаг /ю/ — пен хьаха кечбинчу поппарх даьккхина, бела тIе диллина дакъа
- кирша /ю/ — маIаш йолу хьайба, бежан
- ков /бу/—металл шардеш болу, кегийра киртигаш йолу жима гIордаз /напильник/
- ковст /ю/ — диттан чкъор
- кост /ду/ — дIаала дахьийтина хабар, дош
- кож /ю/ — говра тIехь мохь хьон гIирс
- командарм /ву/ — эскаран /армин/ командующи
- комол /ю/ — хи чохь охьаоьху шан экъанаш
- коьчал /ю/ — гIирс, ортхал, инструмент
- кочар /ду/ — дууш долчу чкъургийн кочар — тIерга тIе тийсина дууш долу чкъургаш
- курс /ю/— 1/ дешаран заведенин группа; 2/ хохийн а, хорсамийн а, зезагийн а кочарш /пучок, букет/
- кула /ю/ — гIовгIа ярца, дIасаидарца, харцахьараллица, сагатдарца, ен новкъарло курзанаш /ю/ — чу жижиг диллина юург — /пельмени/
- куьйра /ду/ — хьаьвзина йоца зIок а, еха, ира мIараш а йолу акха олхазар /ястреб/
- кхало /ю/ — кхалор, тIе ча а, латта а тесна тхов /кровля/
- кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов.
- кхалор /ю/ — ча а, латта а тIетесна бина тхов, кхало /кровля/
- кхалкъ /ю/ — шалха чIенг, чIенга кIел севсина дилха
- кхарта /ю/ — беран дегIа тIе долу хьар, морзгал /кррь/
- кхалгу /ю/ — кхо га долу шеда я дечиг
- кхахьам /бу/ — чоме хьажа, хьогамана ахьар кхаллар, сискалгIин чам баккхар
- кхер /бу/ — тIулг
- кхорбIелиг /ю/ — сира мас йолу, кIайн-Iаьржа бос болу хьуьнан жима олхазар /чиж/ кхокъали /ю/ — хечин кога тIе тегна чимчаргIа
- къепал /ю/ — эмкалийн ковра /караван/
- къепе — бегIийла, хила езачу кепара, кепе /удобный, подходящий/
- ковра /ю/ — эмкалийн къепал /караван/
- къийзаг /ю/ — къийзорг /клоп/
- къонза /ду/ — чагIаркъонза /уксус/
- къоракхокха — кхокханан кепара жима олхазар /горлица/
- къорзалг /ю/ — юьхьа тIера къорза тIадам
- къоршкъали /ю/— коьрта тIе гали тесна догIадоьхург
- къахьашто /ду/ — гIезан пелаган кепара гIа долу, къаьхьа стом болу, нийса гIад долу дитт /ясень/
- къахк /ду/ — тIамаран кепара шуьйра гIа долу аренан дитт /клен/
- къуьда /ю/ — гIийла, ледара стогар, къоьгам
- къоьгам / бу/ — къуьда, гIийла стогар къуб /ю/ — коша тIехь кечдина цIа /чоь/ къуьрдиг /ю/ — къурдйоьлла котам /наседка/
- кIац /ю/ — Iа дола гергадахча, эсарал алсамо баца тIе я дитташ тIе дуьллуш долу лайн дуткъа чкъор /иней/
- кIадо /ю/ — мало, кIедалла, кIеда, мела хилар
- кIай /ду/ — 1) тIам; 2) бIаьрга тIера кIайн томмагIа
- кIаркIар /ю/ — хьеран дай чуьра тIулга тIе ялта охьадоуьйту хIума
- кIара /ю/ — эсий Iалашден чоь /телятник/
- кIес /ю/ — кIесаркIаг /затылок/ болу вортанан тIехьара меттиг кIесаркIаг /затылочная яма/ — вортанан тIехьара кIаг
- кIинж /ю/— 1/ чо; 2/ кIинжех ловза кечбина кIаг /кIинжа бу/
- кIолла /ю/ — кIон хилар
- кIинжа /бу/ — кIинжех ловза, гала чутаса, баьккхина кIаг
- кIомалтай /ду/ — кIомалх дина тай кIелхьардиг /ю/ — асаран буц, чхьовг /сурепка/ кIорлагIа /ю/ — вочу стагана хIоттош хилла билгало
- кIошт /ю/ — район, участок
- кIурам /бу/ — даш доытина, кечдина гIулг /свинчатка/
- кIуж /бу/ — кIужал
Л
- лагжайна /ду/ — йоIа коча уллуш хилла дашо хIума
- лазартни /ю/ — жима больница /лазарет/
- ланга, лонгу /таса, тосу/
- лахьа /ду/ — бежан дийна, Iаьннаи жижиг кечдар
- лард /ю/ — бух, фундамент /основа/
- лега— 1/ оьгу; 2/ хийцало /дожаршца/
- лаьнгар /ю/ — аганан тоьк /супник, горшок/
- леза /ю/ — йол вордан тIехь сацо буьллуш болу лезанан гIуркх
- легар — \I эгар, 2/ хийцадалар /дожаршца/
- легор /легадар/— 1/ эгор, 2/ хийцар /дожаршца/
- лем /бу/ — левар, хеттаршца дийцийтар /допрос/
- лахьта /ду/ — коша чохь велларг дIанисван пен аьхкина даьккхинарг ленгийта — тасийта
- леткъа — далхадо, леткъамаш бо
- лаппагIа /ю/ — доккха доцу ледара цIа /лачуга, хижина/
- лиэша — Iиэна
- леча /ду/ — инзаре чехка доду, нуьцкъала, майра акха олхазар /сокол/
- леIа — гулъян
- лежиг /ду/ — газанан цIоканан гали
- литота /ю/ — хIума жимдеш дийцар
- липпар /яу/ — хаза хьожа йолу буц
- локхар /ю/ — аса
- лерса /ду/ — хIума хаза долу хьуьнар; бIаьрса /ду/ — хIума ган долу хьуьнар ловсакх /ю/ — локкхаг /болтушка, тухлое яйцо)
- локкхаг /ю/ — ловсакх /болтушка/
- лом /ду/ — цициган тайпанара, можа боца тIаргIа а болу, боьршачун еха кхес
М
- м а йолу
- магар /ду/— 1/ мегаш хилар; 2/ могуш хилар
- мега — мегаш ву
- могу — могуш ву
- магар /бу/ — берцан я овесан ча
- мадар /ю/ — таро яр, оьшург кхоош нисдар
- мажар /ю/ — даш туху топ
- мазапIелг /бу/ — цIейоцу пIелг
- мекха /бу/ — аьхна латта самсадоккхург
- мекха /ю/ — аьчга тIе диллина боьха чкъор /ржаввдна/
- мах /ду/ — 1/ доьхкаран мах, доьхкаран юьхьиг дIатосург, 2/ сетташ га а, готта гIа а долу, толлан кепара дитт /осина/
- маъ /ду/ — гIа долу докхан кепара дитт я колл /ольха/
- макхо /ю/ — гамо, хьагI, вон ойла, цабезам /ненависть/, дага тIехь хуьлу мекха
- манкха — мерах луьйш
- маркизет /ю/ — кIади
- марш /ю/ — мера чохь хуьлу тIеда хьаса
- марш /ю/ — 1/ тIемалоша, салташа могIарехь йоккху гIулч; 2/ гIулч яккхарехь
- бIаьхоша олу илли
- марш /бу/ — кечдина йоьхь
- маржан /ду/ — цIен тIулг /коралл/
- мáсалла /ю/ — чехкалла
- мисарболат /ду/ — магнит, эчиг тIелоцу болат
- махмар /ду/ — тIехь тIамарш, дашо теш долу чилланан кIади
- мазал /ду/ — 24 кг чуйоьду шина гирданан барамехь йолу моьрка
- мазлагIа /ю/ — накхарш лело меттиг
- матъян — сийсазъян, емалъян
- маша /ду/ — шуьрин сурсат маша /бу/ — исхаран тайпа /сукно/
- маждар /ду/ — цамгар /желтуха/
- маждар /ду/ — маждина дIахIоттор
- масар /ю/ — акха бож
- моьрка /ю/ — дечиган доккха ведар
- маьлказ /ду/ — шуьйра гIаш долу дитт /клен/
- мергIад /ю/ — кIе юкъахь хуьлу ца оьшу горгий, Iаьржа хIуманаш
- мержо /ву/ — карабулакец, къоман тайпа
- менингит /ю/ — хьен цамгар
- мерцхалг /ду/ — лазийна метхахдаьлла дилхан чкъор
- мерцхалдиг /ду/ — олхазар, лечкъардиг, дургале /стриж/
- мескат /ю/ — цIоканан тай /меха/ хадо у
- меха /ю/ — цIоканан тай
- муш /бу/ — аса /канат, веревка/
- муьжг /ду/ — гIезан когах тера йолу юу буц /гусиная лапка, спорыш/. Иза юуш йолу буц ю, жаннашна дарбане лоруш йолу
- муьстарг /ю/ — муьста чам а болуш, гIа санна а йолуш, юу буц /щавель/ муьрг /ю/ — муьста-къаьхьа чам а болуш, цIен бос а болуш, юуш йолу жима-
- горга хIума /калина/
- муьшдечиг /ю/ — къилбехьара дитт /карагач/
- муж /бу/ — аттана ,жаржах кечбина кхача
- морзгал /ду/ — дегIа тIе даьлла хьар /оспа/
- мо /бу/ — чевнан я кIомаран билгало
- миндар /бу/ — охьахууш кIелбуьллу жима гIайба
- мискъал /ю/ — йозаллин жнма барам
- мисхал /ю/ — жима йозалла
- мокха /ду/ — чукагден урс
- мокха — таьIна-сирла, бодане, Iаьржа бос
- морса /ду/ — лимонадан тайпанара молу хи /морс/
- моха /ю/ — 1/ аса /полоса/; 2/ оьгIазвахар, карзахвалар
- моьрдиг /ю/ —дегIан меженан тIехулара дуткъа чкъор /плева/
- мохса /ду/ — ниха /квас/
- мур /ю/ — яхкаелла дечиг
- милта /ю/ —лампин цIе лато лента /фитиль/
- муртйолар — яхкаяла йолар
- мурйолар /ду/ — яхкаялар
- мур /бу/ — хан-зама /период/
- мулк /ю/ — хьал, бахам
- мохь /бу/ — еза хIума /груз/
- мохь /ю/ — дегIаца йолу хьоналла /сало/
- мохь /бу/ — генара хеза чIогIа
- аз /крик/ мулгIа /бу/ — говр дIаюжучу гIирсан дакъа /подхвостник/
- мукIарло /ду/ — къобалдар, даре дар /признание/
- момсар /ю/ — маьждиган бохь /минарет/
- мIов /ю/ — гудок
- мимар /ю/ — маьждигехь молла кхойкху меттиг
- милк /бу/ — ворданан чкъурган юккъера цергаш тIетуьйсу дакъа /ступица/
Н
- наж /бу/ — онда гIад а, буу стоьмаш — бIараш /нежнаш/ а хуьлуш гIаш долу доккха
- нажжаз /ду/ — наьIалт
- нар /ю/ — маьнга
- нехца /ю/ — балгах тера бууш болу хасстом
- наьрт /ду/ — наьртъастхо, туьйранан турпалхо
- нефть /ду/ — мехкадаьтта
- нахазара — нехан доцу гIиллакх, нахах тера цалелар
- неца /ю/ — ненайиша
- нилха — луьста йоцу
- никказ-яI — цавашар гойту айдардош нелхаевлла — нилха хилла дIахIиттина
- никIапа /ю/ — хьаьж тIе яьхкина месаш
- неI /ду/ — цIока
- нишкахоийла /ю/ — аравоьдийла, арахоийла, хьаштагIа /агIа суффиксан гIоьнца «хьашт» дашах хилла/
- нIаьна /ю/ — боргIал
- ыIаьна /бу/ — даьIахк йоцу кIеда дегI долу, еха садолу хIума /червь/
- никх /бу/ — накхармозийн яьшка /улей/
О
- о аренан кIеда буц /степной ковыль/
- объем /ю/ — барам, чухоам
- оба /ю/ — барт /поцелуй/
- óба /ю/ — еха бедар /халат/
- ов /ю/ — чIерий лоьцу бой
- ов /ду/ — тIехь жижиг дотту чIу
- овгол /бу/ — поппарх йина горга гIорза
- овсал /ю/ — хьайбанийн цамгар /ящур/
- овст /ю/ — шо кхаьчна газа
- оввай — /лазор/
- оти /ду/ — жима цIа
- ортхал /ю/ — коьчал, инструмент
- охIла /ву, ю/ — шен гIуллакхан говзанча, хьуьнарча оххIай /кIадвалар/ оффай /хьожа кхетар/
- очвалар — карзахвалар
- оь цIегIо бос а, хаза хьожа а йолу
- оьзаг /ю/ — 1/ жима гIайре; 2/ дегIа тIе яьллачу хIуманан орам оьмар /ю/ — стеган вахаран ерриге а хан
- оьпа /ю/ — жима дийнат /суслик/
- оьс /ю/ — пхи цIов
П
- парди /ду/ — пондаран мерзаш кIел юьллу дечиг /пленка/
- парду /ду/ — чкъор /оболочка/
- пал /бу/ — 1/ таро яр; 2/ хиндерг хуучуха хабар дийцар /пал тасар/ паста /ю/— 1) юуш ерг, хасстом /дыня/; 2) цергаш цIанйийраг
- патар /ду/ — заза, гIа /побег, росток, почка/; чIенг хецар
- пачхье /ю/ — столица, коьрта гIала
- паыитиг /ду/ —тхов шарбен жIов
- пийсак /ду/ — хин кема дIадуьгуш хьокху пистиг /весло/
- пистиг /ду/ — хьовла деш, боккхачу е чу а, хьаьжкIаш кхорзуш, куьрка а хьовзош долу пийсак /гIаж/
- петар /ю/ — хIусам /квартира/
- пехиг //пехк /ю/ — кIеда хIума
- пистон /ю/ — патарма оьккхуьйту колпачок
- поп /ду/ баьццара-сира чкъор а, шуьйра гIаш а долу доккха дитт /чинара/
- постфикс /ю/ — керла дош кхуллуш, чаккхенна я суффиксана тIехьа хIутту аффикс /дакъалг/: Асета-м ешна, цо ешна-кха
- потак /ду/: — 1/ юу буц; 2/ искиртиг /желудок птицы/
- пулу /ду/ — дуганах кечбина кхача /плов/
- пха /бу/ — цIий лиэларг /жила/ — пхенаш
- пха /бу/ — Iодаца кхуссург /стрела/ — пхерчий
- пха /бу/ — резина — пхенаш
- пха /ду/ — докхан кепара долу, гIода тIехь ситтина а, чутеIна а меттигаш йолу дитт /граб/ пхьу /ду/ — боьрша жIаьла /кобель/ — пхьаьрчий
- пхатоьда /ду/ — 1/ готанан хьонхал /лемех/; 2/ цIоканан асанаш /доьхкарш/ хедо инструмент
- пхьагIат /ю/ — пхьаьрсан йохалла
- пхораниг — бер хин долу зуда /беременная женщина/
- пхьуьйрахан /ю/ — пхьор дуу хан
- пIаьнгазхо /ву, ю/ — ПIаьнгазахь веха стаг я зуда
Р
- руьйта /ю/ — хьайбанашна хи мало меттиг /водопой/
- рагI /ю/ — хIума эца я кхечу гIуллакхана рогIе хIоттар /очередь/
- рагI /ю/ — гонахарчу меттигал алссам лекха йолу локхалла /гора/
- рагI /ю/ — еха а, биъсаболуш а, йоккха а ваьштайиллина йол /скирда, стог сена/ ретанг /ю/ — 1/ астагIа ког; 2/ салазан аьрша
- речIа /ю/ — олхазарш лоьцу тIергийн гур
С
- с ойла /переживание/
- саза /ю/ — боккха чIара /сазан/
- сазгIа /ю/ — готанан биъсаболу металлан хьоихал а, чIуг а тIетосу дакъа /грядиль/ сайра /бу/ — ялта чудухку дечиган йоккха яьшка /ларь/
- сакх — цец /стаг/
- сакхо /ю/ — тидам, терго, ларвалар /присмотр, настороженность/
- сало /ю/— 1/ паргIато, 2/ токхо, атто
- сало /ву/ — гIумкийн эла
- само /ю/ — тидаме, сема хилар
- самоне — тидаме, само еш
- салт /ду/ — адам гулдеш, хаам беш кхайкхар /оьрсийн: набат/
- сардал /ву/ — наместник, хьалха хилла областан хьаькам, куьйгалхо
- саьхьара — сутара
- сеалар /ю/ — гезгамаша /паутина/ сега//сиэга — лепа
- селасат /ду/ — зевне аз долу, эшарш локху хьоза /иволга/
- сера /ду/ — кIорнеш дахийта дехкина хIоаш /подкладень/
- сетал /ю/ — 1/ хьостамхьовзораг /отвертка/; 2/ дато доьхкара тIе хазаллина теснарг сет /ду/ — говран хьаьжа тIехь хуьлу кIайдарг /звездочка/
- сема — наб кхетаза
- силу /ду/ — цIока кечъяр, дермат дар
- синталлам /бу/ — хIума къасто деган ойланца бен таллам
- синтагма /ю/ — маьIнин кийсак /смысловой отрезок/
- синIаткъам /бу/ — психика, дагна сингаттаме ойланаш Iаткъар
- синхаам /бу/ — дог-ойла /чувство, эмоция/
- синхьаам /бу/ — синтем
- сиппа /ду/ — аган чохь хуьлу беран хьатI чукхочу трубка
- сир /ду/ — басар /краска/
- сискалгIа /ду/ — ахьар /кукурузная мука/
- сискал /ю/ — сискалгIих /ахьарх/ еш йолу юург
- сосакх /ю/ — акха бож, Кавказехь хуьлу масар
- сицкъар /ду/ — юткъа экъа
- совдегар /ву/ — купец, коммерсант, торговец, хьалдолу йохкаэцар лело стаг
- совкх /ю/ — хьайбанийн /бежанийн/ цамгар /сап/
- совр /ду/ — 1/ цIока; 2/ шога чкъор; 3/ тоеш кечйина говран цIока /неI/
- соз /ю/ — хьаса болу хIума
- сос /ю/ — мекхан тайпанара орамат
- социйла /ю/ — остановка, соцу меттиг
- сорам /бу/ — мерза кIайн орам болу уьшалан буц
- сте /ю/ — зуда
- сир /ду/ — пхьегIи тIе диллина хаза чкъор
- сега — лепа, къиэга
- сторпал /ю/ — тхевнан чIагIонан дечиг
- сту /ю/ — зуда-эла /княгиня, княжна/
- сорса — оьгIазе, кIоршаме, дера, буьрса, тIечехаш
- силлабика /ю/ — дешдакъа Iамош долу фонетикан дакъа
- стулла /ду/ — сту хилар, зудчун олалла
- соламтне — собаре, тидаме, самоне
- сура — цIазаман кепара тIехь стоьмаш болу дитт /рябина/
- сужда /ду/ — корта таIор /поклон/
- сула /бу/ — овес, говраша юуш йолу, буьртигаш долу, сугIин кепара буц
- сулу /ду/— 1/ хи оьцу меттиг; 2/ хи ма.ю а, говраш лийчо а меттиг
- сунк /ю/ — 1/ залк; 2/ галц; 3/ айаелла жима меттиг
- сунт /ду/ — боьрша бер хадор
Т
- табу /ю/ — бехкаме дош, ала ца магийна дош /запрет/ талба /ю/ — нуьйра кIел, говран букъа тIе юьллу бIегIиг талмаж /ву/ — талмажалла дийриг /устный переводчик/ тангIалкх /ю/ — стаг ирхъуллу бIогIам /виселица/
- тапта /ду/ — чилланан кортали
- тар /ду/ — мела наб /дремота/
- тар /ду/ — товш хилар, дика а, хаза а хетар
- тайдоккхург /ю/ — пIелга тIе йолу хIума, ахкарг /панариций/; и лазарна сатохийта дечгапондар локхуш хилла
- тахта /ю/ — лист, кехатан, ангалин, дуткъачу аьчган йоккха тахта
- таьжгенаш /ю/ — язораш /затяжки/
- тайша — боьмаша, таьIна-цIен-можа /коричневый/
- таьлсаш /ду/ — ши ога долу чу хIума юьллу тIоьрмаг
- тассам /ю/ — исбаьхьаллан васташкахь дахаран бакъдерг гойту кхолларалла /искусство/ текъа — леткъа — далхадо
- текъам /бу/ — леткъам, далхадар
- тема /ю/—дийцаран чулацаман ойла
- тема /ду/ — таро яр
- терсмаймал /ду/ — уггаре а чIогIачу болатан тур /терсмаймун/
- терхи /ю/ — полка
- тохка /ду/ — бод текха ца латийта, хьорсуш долу кIеззиг бен доцу дама
- теIа — охьатеIа
- тикма /ю/ — бедар тIехь йина чилланан хьесан тIамар
- тарсал /ю/ — цицолаг, цестарг, диттан пхьагал /белка/, буькъа кIеда чо болу, хьуьн чохь хуьлу дитта тIе йолу пхьагал
- тосадала — хаадала, гучудала, дуьхе кхиа /распознаться, чуяться, почуяться, обнаружиться/
- тусадала — дахчадала, чIагIдала /отбить, накалить, закалять/
- тиймак /ю/ — нуьйран дакъа /тебенек/
- тоба /ю/ — группа
- торгIал /бу/ — къорза етт
- торгIала — къорза
- томарк /ю/ — буьххьехь муцIара корта болу лекха уьшалан буц /рогоз/
- тоьк /ю/ — беран аганан горшок
- тулка /ю/ — чкъурган юккъера милк /втулка/
- турс /ду/ — 1/ мачин йистана лоцу хIума, 2/ стоьмаш хилла бовлар, 3/ тур ца кхетийта дуьхьаллоцу аьчган хIума
- турс /ю/ — диттан тайпа, онда гIад долу, лекха доцу дитт
- туьйлаг /ю/ — зингатийн барз
- туьллиг /ю/ — пайде воцу стаг, пайда боцу хIума
- толла /ду/ — кIади дечу чорхан чIегIиг /челнок в ткацком станке/
- товрат /ду/ — библин бакъонийн гулам
- тутмакх /ву/—лаьцна стаг /арестант/
- товбуц /ю/ — хьаькхначун метта, керла юхаяьлла буц /отава/
- туьйдарг /ду/ — кучан чета тIехь вета я нуьйда дIайолла йинарг /застежка/
- туьта /ю/ — 1/ коьртан туьта /череп/; 2/ хи чохь нека дан Iемаш юкъахйоьхку шина декъах лаьтта хIума
- туьтмIаьжиг /ю/ — коьртах юллу маска
- тха /ду/— 1/ бетта тIаргIа; 2/ гурахь лергина баьккхина тIаргIа
- тхи /ду/ — Iуьйранна хьалххе баца тIе дехкина хин сирла тIадамаш /роса/ тхинчо /бу/ — хьаьрса чо
- тхонка /ду/ — тIаргIа
- тхьамстха /ю/ — дечиган дакъарна тIе тосу дукъарц /планка ярма/
- ткъов /ю/ — догIа а, ло а ийна йолу йочуна /дождь с мокрым снегом/
- ткъарш /бу/ — ткъов бахьанехь хIоьттинчух, шаткъанах ткъарш олу /лаьттахь
- тIехь чилланан теца диллина куьце сурт
- тIамари /ю/ — хи чохь нека деш ласто пхьарс
- тIар /бу/ — аьттан шура чохь хуьлу, эса дакхо меже /сосок/
- тIара /бу/ — бедар латош, пIелгах юллу металлан колпачок /наперсток/
- тIара /ду/—ластийна тухуш долу куьг /ладонь/
- тIармаIа /ю/ — берана шура яо шишан тIе тосу колпачок /соска, рожок/
- тIаус /ю/ — хаза мас йолу олхазар /павлин/
- тIéкха /ду/ — кIалдан а, морзин а берам /чуьхьа/ кечден шелиг
- тIуьллиг /ю/— 1/ харц хабар; 2/ харц хабар дуьйцу — тIуьллиг буьйцу стаг тIуьйлаг /ю/ — тиша бедар
- тIекIиръяр —тIесихъяр
- тIингар /ю/—доккха гай
- тIилд /ю/ — нIаьнин /боргIалан/ коьртан тIилдиг
- тIод /бу/ — ког /лапа/
- тIуьск /ю/ — коьртан туьта
У
- 2/ бедара
- убар /ду/ — кошара ара а волуш, адамашна юкъавогIу бохуш, вуьйцу велларг улх /ю/ — накхар чохь балозан киртикаш /соты/
- улхоз /ду/ — шен дола дохуш, цIаьххьашха гIулгашна катохар: «улхоз дай сан!» упха /ду/ — коша чохь веллачун дегIаца нисдеш хIоттош долу у
- утаркх /ду/ — мачи чу юьллу бIегIиг
- уьралла /ю/ — ира хIума, урс, ю, тукар, и дI. кх. а
- уьсанг /ю/ — хIусам
Х
- хама /бу/ — сий, ларам
- хан — 1/ зама; 2/ эла, хьалдолу стаг
- ханша /ю/ — зуда-эла, сту
- харданг /ю/ — къамкъарганий, искиртигний юккъера трубка /зоб/ хасп /ду/ — жижиг даккхар, дохкар
- хуьнжар /ду/ — хечин борчах тосуш долу, тех дуцуш дина доьхка. . хайра /ду/ — рицкъа, беркат
- хатт /бу/ — хиэ тIадийна лаьттан чкъор /грязь/
- хатт /бу/ — бедарна тIехуттуш долу кIадинан дакъа /сборка, клин/ хесара — оза, гIийла
- хеха /бу/ — хи тIе хIоьттина баьццара бос болу уьшалан чкъор
- хешт /ду/ — нека деш долу экха, хаьштиг
- хаьштиг /ду/ — 1/ хешт, нека.ден экха; 2/ яьгна дечиг, цIе дIаяйна а, яза а йолу дечиг
- хенан хIоттам /бу/ — хIо-марха /ю/, Iаламан хIо-мархин хьал /погода/ хоти /ду/—дитташ доцу хьуьнан аса, хьуьнан йист /опушка, поляна/ хуьйсахо /ву/ — хесан хехо
- хьаго /ю/ — хьогалла
- хьайба /ду/ — бежан
- хьайба /ю/ — стом /айва/, хаза, тамехьа хьожа йолу, Iежах тера стом
- хьакхолг /ю/ — коган, гоьлан даьIахк
- хьама /бу/ —ларам, лерам
- хьано /ю/ — хьоналла
- хьаладан /хьалакарчо /пхьуьйшаш/
- хьар /ду/ — дегIа тIехь хуьлу сурхаш, чераш /сыпь/
- хьаре — хьар долу /сыпной/
- хьаргIа /ю/ — Iаьржа къийг /черный ворон/
- хьаса /бу/ — хьаьжкIан хьаьрса кIужал /метелка/
- хьасене — кIеда-мерза
- хьалхо /ву/ — хьалдолу стаг, хьолахо, хьолада
- хьатI /ду/ — жаннаша къастош йолу кочалла /моча/
- хьаьжо /ву/ — хьаьжацIа ваханарг /хаджи/
- хьаха— 1/ кIордо; 2/ поппар хьаха
- хьацархо /ву, ю/ — хьацар доккхуш, къахьоьгуш волу къинхьегамхо /труженик, -ца/ хьашлагIа /ю/ — хIума а йиллина, къовсар, /пари/
- хьаьвхье /ю/ — малх ца кхочу, IиндагIа долу басе /теневой склон горы/
- хьаькназ /ю/ — нехашкхуьссург, аьшкал /совок/
- хьаьхьамч /ду/ — клей
- хьаьрмик /ю/ — шена тIехь зезагаш а, кегий гIаш а, бууш болу цIен горгий стоьмаш а, кIохцалш а долу колл /шиповник/
- хьер /ю/ — 1/ ялта охьу хьер /мельница/; 2/ кхача /юург/ охьу хьер /желудок/
- хьекхорг /ю/ — IаьIан доккха гIа
- хьех — 1/ адаман дагах тера хеталуш, цергаш йолуш санна долу гIаш долу, чIогIа тамехьа хьожа йолу, мезан мутта шех дблу зезагаш тIехь хуьлу дитт /липа/; 2/ ламанан бож /тур/; 3/ лаьтта бухахь я ламанан бердах йоллу чоь санна меттиг /пещера/
- хьокх /ю/ — томмагIа /пятно/; д. т. хьоькхнаш
- хьокъа — карзахе, оьгIазе, челакха, аьрха, хадоза, айгIаре хьормат /ю/ — боккха муцIара кхор /груша/
- хьонхал /бу/ — готанан латта оху урс /лемех/
- хьорка /ю/ — коган гола /лодышка, шикотка/
- хьонкмача /ю/ — хьонкин корта
- хьу /ю/ — чов шелъялар, хьу йолар
- хьукма /ду/ — гIуллакх, ирсе хилар-цахилар
- хьукмат /ю/ — учреждени
- хьуьнкIаш /ю/ — шелваларца синош дахар
- хIуй /ду/ — наьIалт /проклятие, анафема/
- хIуй-пака— /в пух и в прах/
- хIайбат /бу/ — безам, товш хаза хетар /симпатия/
- хIайбате — товш, куц долуш, безамехьа /симпатичный, -ая/
- хIо-марха /ю/ — Iаламан хIо-мархан хьал, хенан хIоттам /погода/
- хIор /ю/ — гIийла бежан
- хIора — ша-ша
- хIож /ю/ — 1/ дечиган йоккха жIов; 2/ нуьйран гIонжагIа
- хIост /ду/ — бежан довзийта билгало яр /метка/
- хIушт /ду/ — хIума цанисдалар
- хIуй-пакаяьккхира — йохийна, яржийна дIаяхийтира /разнес в пух и в прах/
- хIушт-пушт — бен а ца хеташ, пайда боцчу кепара хIума дар /тяп-ляп или тяп да ляп/ — хьапар-чупар /ду/
- хIуштар-пуштар /ду/ — кхоччуш хьекъале маьIна а доцуш, дуьйцу пайде доцу хабар
Ц
- цергков /ю/ — церг дIаяьлла меттиг
- цим /бу/ — стим, питана
- цхьалла /ю/ — ша висар, цхьан висар /одиночество/ цхьаалла /ю/ — единство, цхьабарт болуш хилар цхьалгу /ю/ — цхьа га долу шеда я дечиг
- цхьалхо /ю/ — къасто, къастам, билгало /результат/
- цIагара — цIога доцу /куцый/
- цIарз /ду/ — охьаоьгуш долу я даима сийна лаьтта гIаш долу колл /бересклет/
- цIаста /ду/ — 1/ йиз /медь/; 2/ кIиранан пхоьалгIа де
- цIетт /ду/ — мостагIчуьнгара даьккхина герз а, кхин хIума а
- цIингаш /бу/ — мийраш кхиссар
- цIинжий /бу/ — шо сов кхаьчна стен Iахар
- цIинто /бу/ — шо сов кхаьчна боьрша Iахар
- цIинцIолаг /ю/ — кийсак, кусок
- цкъар /ду/ — цаьпцалгийн екар
- цкъарг /ю/ — хьонкица йолу яа ца мега буц
- цIодар /ду/ — гIийла бер
- цIокъ /ду/—леопард, цицигах тера томмагIаш долу, къорза мохарчий йолу экха.
- цIокъберг /ю/ — барс, цицигах тера а, томмагIаш а, сира а, кIуьрах тера а, тIаргIа болу доккха экха
- цIуьхIар /ву/ — напха гулдийриг
- цIоькъалом /ду/ — тигр, къорза мохарчий йолу, цицигах тера долу, нуьцкъала, буьрса экха
- цIохар /ду/ — металл а, дечиг а кечден станок
- цIом /ю/ — 1/ пийлан мара /хобот/; 2/ муцIар
- цIула — кIиранан ворхIалгIа де
- цIумока — кIиранан йолхалгIа де
- цIулласара /бу/ — буткъа сара
- цIура — боьршаллин гIора доцу стаг — импотент
Ч
- чабакх /ю/ — шуьйра чIара /леш/
- чабол /ю/ — цхьабосса хьалхара цхьаъ, тIаьхьара цхьаъ когаш ойуш, говр ядар /рысь/
- чаккхарма /ю/ — километрал алсамо меттиг /верста/
- чангIалкх /ю/ — экха /шакал/, еллачу хIуманан жижиг дуу, жIаьлех тера экха /дийнат/ чаьрпаз — мехкарийн гIабалин хаза кечдина дато туьйдарг /нагрудная застежка на праздничном платье горянки/
- челакха — аьрха
- черт /ю/ — къожах йина истанган метта кIелтосург /циновка/
- чет /ду/ — кучан нуьйдарчий дIаюхкучу йисте кIадинан аса тIелатийна дакъа
- /манишка/
- чилла /ю/ — Iаьнан шийла хан
- чарто, курчало, Iаларо — тайпанаш ду
- чин /ду/ — дарж, гIуллакх .
- чинт /ю/ — чкъура тIе хIоьттина жима бог /бородавка/
- чуьхьа /ду/ — кIалдах, морзих кечбина берам
- чийрик /ю/— сохьтан доьалгIа дакъа, 15 минот
- чинлик /ду/ — ведар
- чик /бу/ — гIулган агIо
- чайтаI /ю/ — чен кIорни /медвежонок/
- черо /ю/ — ловзочу кехатийн биъсаберг
- чамбуц /ю/ — хаза хьожа а, дика чам а болу юу буц /петрушка/
- чераш /ду/ — кIомарийн даI
- човка /ю/ — Iаьржа мас йолу, сийна бос лепа, бовхачу махка дIадоьдуш долу олхазар /грач/
- чола /куй/ — сира /куй/
- чорда — чекхсагуш /киса/
- чупара — кхартматтане, къорза, аьгна /юьхь/ — рябой
- чукаре /ю/ — хIусаме дIа а воьдуш, хьошалла я гергарло лелор
- чуха /бу/ — цкъа а ларгаза Iахар
- чуха /ю/ — аса
- чучал /ю/ — тоьпан балл, хиэна тIе биргIа чIагIъен чIуг /закрепительное кольцо
- винтовки/
- чхьовг /ю/ — аренан асаран буц /сурепка/
- чхьоч /ю/ — буппаз, стомма, верстина стаг
- чхьонкар /ю/ — буьххьехь корта болу гIаж /дубинка/
- чухта /ю/ — йоккхачу стеган коьртатуьллург
- чуьйна /ду/— 1/ чохьлазар, чолазар; 2/ чугун
- чIама /ю/ — хьаьжа тIехь сет долу дийнат
- чIана /ю/ — хIусаман беркат, рицкъа, ялта
- чIапа — шера, нийса
- чIаплам /бу/ — шера, нийса лам
- чIачкъа — бага а гIаттош, бесни озо
- чIегIиг /ю/ — 1/ бедар тоьгучу чорхан тай тIелистина чIу чубуьллу гуй /челнок в швейной машине/; 2/ суьйлакъиг; 3/ хьаьжкIан гIад, хьаьжкIан чIегIиг чIерийлоьцург /ю/ — дуткъий, дехий когаш а, еха зIок а, деха лаг а долуш, чIерий
- лоьцу уьшалан олхазар /цапля/
- чIерийлецархо /рыбак/ — чIерий лоьцу стаг
- чIеIа — соьцуш велха, цIийза
- чIиж /ду/ — цамгарна дуьхьал кочахь лело хIума /амулет/
- чIим /бу/ — юуш йолу орамат, цу бецан орам /стом/
- чIинт /ю/ — кран, хи арахоьцу трубка
- чIиркъе — оьгIазе, кIоршаме
- чIода /ду/ — уьстагIий лоргу тукар чIоь /бу/ — ялта чудухку до /ларь/ чIаж /ду/ — кIорга басе, готта Iин чIоьндарг /ю/ — зурма /чунгур/
- чIуноста /ю/ — настаран даьIахк
Ш
- шамали /ю/ — пастанах тера жима хасстом /канталупа/
- шалмаз /бу/ — накхармозийн хьаьхьамч /прополюс/
- шаткъа /бу/ — 1/ ткъарш, ло а, догIа а ийна; 2/ дингад /ласка/
- шатлакх /ду/ — салют
- шаршолаг /бу/ — шахьаьхна басе, шу, барз
- шедаг /ю/ — 1/ эрзах я дечигах йина музыкальни инструмент /свирель/; 2/ пеша хIупъэриг /трубка/
- ше /ю/ — нанапIелган, цIазапIелган юкъаметтиг
- шерет /ду/ — бахам бекъар
- шере /ю/ — лергайоьдург
- шинар /ду/ — шо кхаьчна бежан /къона, жима, стен оса/ — телка
- шинара /ю/ — кIиранан шолгIа де /вторник/
- ширдолаг /ю/ — тIулгкхуссург, овгол кхосса кечйина, тIийраг тесна гIаж
- ширма /ю/ — коре уллу кIади
- шо /ю/ — акха газа
- шовр /бу/ — кIалд чуйилла бина туьхаберам
- шовхалди /ю/ — асаран бецан тайпа
- шоршал /ю/ — олхазар /дрозд/, эшарш локху хьуьнан хьоза
- шун /ду/ — юург тIехь стол
- шу /бу/ — барз
- шуьста /бу/ — ши сту
- шаткъам /бу/ — моьлкъа /медяница/
- шокъали /ю/ — хIоъ, даьндарг /пуля/
Э
- эвхье — эхье
- эвхьаза — эхь доцуш
- эвлаяъ /ву/ — шайх
- эгIаза — жима, оза, гIийла, хесара
- экха /ю/ — носилка
- экха /ду/ — акхаро /зверь/
- экам — хIума атта хаалуш, хIума ца лалуш, атта оьгIазвоьдуш
- элтар /ду/ —Iахаран холхаз
- эр /ду/ — таллархойн жIаьла
- эр//иэр — вовшахъэр
- эмалк /ю/ — Iамоза, аьрха, акха говр
- эра /ка/ — хадоза /ка/
- эхиг — ах, ахъяьлларг
- элхьамч /ду/ — кIохцалш долу, дуккха а гонах йийгIича, кертан метта а мега йолчу
- энаюкъ /ю/ — юккъера юкъаметтиг
- энже — кIоршаме, оьгIазе, инзаре, карзахе /грубый, страшный/
- эриг /ду/ — 1/ ловзочу кехатийн жIарийн салти /валет/; 2/ олуш дерг /сказуемое/ эханг /ду/ — тIергIан тай
Ю
- юкъанаюьллург /ю/ — мехкарша хи хьош, дегIаний, кIудалний юккъеюьллург юкъалеларг /ду/ — 1/ юкъарло дуьйцу стаг; 2/ тардинчу маьIнехь: ахча
- юдар — кIез-кIезиг яржош тасар
- юкъарло /ду/ — юкъаметтиг тоеш, машар беш дийцар
- юкъарло /ю/ — доза тухуш, керт къастош, юккъе хIоттийна керт, дина ога
- юм — говр кхиссалуш ядар /галоп/
- юкъаршлахь — дуккха а хIуманашна я бахамашна юкъахь
- юкъанаьккхара — юккъера, юккъерчу барамехь
- юккъерхо /ву/ — юккъера бахам берг, къехочунний, хьалхочунний юккъера вахархо юкъъяла — лустъяла, юькъа хилла дIахIотта /сгустеть/
- юкъаяла — /саьнгар/ — юза, дIаюкъаяла
- юхашха — чуьраяьлла хенан маьIиг йолу астагIниг /хромой с вывихом бедра/
- юьсте /ю/ — таллар /охота/
- юьхьдагна — гIиллакхана
- юьхьдагалла /ю/ — гIиллакх лардар, юьхь ларъяр юьхькIеда /стаг/ — мела амал йолу /стаг/
Я
- яйдакх — нуьйр тиллаза
- яйлла /ю/ — яйн хилар /легкость/
- язо /ю/ — еза хилар /вес/
- ялкха /ю/ — чкъургаш тIехула хIоттийна ворданан цIа /ога/ ялпор /ду/ — металлах йина хIума цIанъен гIоргIа кехат /наждак/ ямбаш /ду/ — астагIниг
- яча — йочуна хила
I
- IаддаргIа /ю/ — Iодан тIийриг тIетосу гIаж /дуга лука; развалина рогатки/
- Iажаркх /ю/ — бецан тайпа /пырей/
- IаммагIа /ду/ — IандагIан кепара долу, къилбехьара, гIаш долу доккха дитт /карагач/
- Iарч /ду/ — 1/ стигал /небо/; 2/ ворданан аьрша /оглобля/; 3/ Iарш /высь/
- IаьIа /бу/ — шатайпанара гIаш долу асаран буц /лопух/
- IаьIалаг /бу/ — жима IаьIа, асаран буц /лопух маленький/
- Iожа — сирла-можа-бора /бос/ — буланый /цвет/
- IонтIаз /ю/ — дарбанан буц /девясил лекарственный/
- IуьIа /ю/ — гIулг /альчик/, гIулгIан агIо
- IандагIа /ду/ — онда гIад а, гIаш а долу лекха, доккха дитт /ильм/
- Iаьвла Iахар /бу/ — Iа чекхдолуш, бIаьстенан юьххьехь бина Iахар
- Iеха /бу/ — аренан буц, хьагI-буц, хIуманна гонах хьерчаш, кхуьуш йолу, шена тIехь кIайн-сирла-цIен зезагаш хуьлу аренан асаран буц /вьюнок/