БесаргӀаз
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/5/5f/Branta_leucopsis.jpg/100px-Branta_leucopsis.jpg)
БесаргӀезаш йа Ӏаьржа гӀезаш (лат. Branta) — бедийн доьзалера олхазарийн хин тайпа. БесаргӀезех оьрсаша "казарка" олу. БесаргӀезаш — йуккъера барам гӀезел кегийра олхазарш. Церан хуьлу гӀезачул алсама доца лаг а, алсама йоца, амма бух тӀаьхь лекха зӀок. БесаргӀезаш йохаллехь 60 см гергга хуьлу, йозалла 8 кг кхаччалц хуьлу. Ӏаьржа гӀезийн бос алсама Ӏаьржа а, кӀайн а хуьлу. ЦӀен харданг йолу бесаргӀезийн месашкахь хуьлу цӀехо-боьмаша бос.БесаргӀезийн дерриг 6 тайпа ду.