ХенакӀур
ХенакӀу — боций когаш а болуш, сто санна ира зӀок а йолуш, шиъ хьалхаша дӀай, шиъ тӀехьа бирзиний биъ-биъ пӀелг а болуш олхазар ду иза. ТӀемаш шуьйра ду цуьнан. ЦӀога чӀогӀа а, декъа а, йоьххьера ира а ду.
ХӀоьаш, хӀоьа кепел доцийра ду. Боьршачу хенакӀеро декъачу диттан гӀодах зӀок йетта. Вайн махкахь 5 тайпа , 14 беса йу хенакӀур. Хьаннашна зуламе йолу садолу хӀуманаш цара хӀаллакйеш хиларна пайдехь лерина уьш.