ХьаргӀа

Материал из Тептар
Версия от 16:18, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| ХьаргӀа '''ХьаргӀа''' ''(йу), дукх.тер.'' '''ХьаргӀанаш''' ''(йу)'' — ({{lang-lat|Corvus corax}}, {{lang-ru|Ворон}} ). ХьаргIа Iаьржа ю. Вай Iаьржачу хIуманна олуш ду "хьаргIа санна Iаьржа". Сийна кIур билличи санна Iаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дIа...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ХьаргӀа

ХьаргӀа (йу), дукх.тер. ХьаргӀанаш (йу) — (лат. Corvus corax, рус. Ворон ). ХьаргIа Iаьржа ю. Вай Iаьржачу хIуманна олуш ду "хьаргIа санна Iаьржа". Сийна кIур билличи санна Iаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь гIеранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 4-5 до хьаргIано. Баьццара бос а бетталуш, мокха тIедарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз гIоргIа ду церан "къар-р-р" бохуш. ХIоьаш март-июнь баттахь до.

Суьрташ[править | править код]

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]