ЦӀога лесто хин олхазар

Материал из Тептар
Версия от 16:24, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| ЦӀога лесто хин олхазар '''ЦӀога лесто хин олхазар''' — (en. Common Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах). Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кI...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЦӀога лесто хин олхазар

ЦӀога лесто хин олхазар — (en. Common Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах). Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кIайн йу. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо йу зIок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогIенашкахь Iаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гIамаран гIайреш тIехь а до цара баннаш, лохо кIаг а боккхий, цу чу йекъа бецаш а йохкуш.

  • Бен къайлехь хуьлу цуьнан йа куллан кондарна кIелахь, йа бецан тоьлга кIелахь. ХIоьаш жимма цIиэ бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу. 4 хIоа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи йуккъерчу гоьрга тIе йа чалхаш тIе хоий Iа иза, цIога а лестадеш. Хи тIоьхула дадар цкъа тIемаш ваьшта дохкуш, тIаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хIумнаш йоу цо .

Суьрташ[править | править код]

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]