ТӀулга гӀайренашкара хьоза

Материал из Тептар
Версия от 17:00, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| ТӀулга гӀайренашкара хьоза '''ТӀулга гӀайренашкара хьоза''' — (en. Wheatear), (Оьрсаша «Каменка» олу) тӀулган гӀайрешца иза хуьлу дела. Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, тӀулгийн гӀайренашца хуьлуш ду, тӀоьхлара к...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ТӀулга гӀайренашкара хьоза

ТӀулга гӀайренашкара хьоза — (en. Wheatear), (Оьрсаша «Каменка» олу) тӀулган гӀайрешца иза хуьлу дела. Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, тӀулгийн гӀайренашца хуьлуш ду, тӀоьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, зӀакарна тӀера бӀаьрга тӀоьхула дӀа корти, гӀорти хотталучу кхаччалц Ӏаьржа томмагӀ долуш хьоза.

ТӀемаш Ӏаьржа ду цуьнан. ЦӀоганна шина агӀор кӀай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. ЦӀога йоьххьера хадийчи санна нийса а, Ӏаьржа а ду. Цунах хотталуш цӀоганна юккъе кхаччалц дегӀ долчу агӀор схьадогӀа Ӏаьржа сиз. ЧукӀело а лаг а кӀай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. ХӀоьаш 4-7 до.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]