Баьццара жӀалин-къоьрг

Материал из Тептар
Версия от 17:26, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Баьццара жӀалин-къоьрг '''Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг'''. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Баьццара жӀалин-къоьрг

Баьццара а хуьлу жӀалин-къоьрг. Оьрсаша «Зеленая щурка» олу цунах. Вукха жӀалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗӀакарна тӀера дуьйна бӀаьргана тӀоьхула кӀесаран кӀог тӀе кхаччалц Ӏаьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа йукъ а, бӀаьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан кӀело хьаьрса ю можо хеталуш.

Хинбердан йистошкахь, тогӀешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. ХӀоьаш май-июнь баттахь до 5-8. ГӀеранаш йой лела жӀалин-къоьргаш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]