ЦӀен маккхал

Материал из Тептар
Версия от 17:28, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| ЦӀен маккхал '''ЦӀен маккхал''' — (en. Red Kite), (оьрсаша «Красный коршун» олу). ЦӀен маккхал вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. ЧукӀело сирла лепаш цӀиэ бос бетталуш ю. Цундела «цӀен маккхал» олу цунах. ЦӀога, йоьххьера тукарца...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЦӀен маккхал

ЦӀен маккхал — (en. Red Kite), (оьрсаша «Красный коршун» олу). ЦӀен маккхал вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. ЧукӀело сирла лепаш цӀиэ бос бетталуш ю. Цундела «цӀен маккхал» олу цунах. ЦӀога, йоьххьера тукарца хадош йукъ яьккхачи санна, шалга ду цуьнан.

Дахар хьаннашкахь, хьуьнан-кортехь ду, церан. Баннаш диттийн баххьашкахь до цара. ХӀоьаш апрель бутт чекхболуш до шиъ я кхоъ. ТӀедарчий долуш къорза хуьлу уьш. Декар хӀокху кепара ду: «Къий-я!» «Къий-къий-къий-къий-я!». Цуьнан даар моьлкъарчий, лаьхьарчий, дехкий кегийра олхазарш ду. Къиэеллачу хӀуманан дилх а доу цо.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]