Жима бухӀа

Материал из Тептар
Версия от 17:31, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Жима бухӀа '''Жима бухӀа''' (Athene noctua). Жимачу бухӀанах оьрсаша «Домовый сыч» олу. Вукха бухӀанийн басахь ю иза. Даккхийра бӀаьргаш а, бӀаьрган хӀазарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а яьсса меттигаш еза царна. Т...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Жима бухӀа

Жима бухӀа (Athene noctua). Жимачу бухӀанах оьрсаша «Домовый сыч» олу. Вукха бухӀанийн басахь ю иза. Даккхийра бӀаьргаш а, бӀаьрган хӀазарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а яьсса меттигаш еза царна.

ТогӀешкахь, боьранашкахь, адам ца дехаш дӀатесна йитначу гӀишлошкахь ду церан Ӏер-дахар. Бердах охкуш а доху цара баннаш. Тойна апрель-май баттахь доккху. ХӀоа 4-8 хуьла. Даар вукха бухӀанийн санна ду. ЗӀенан бӀогӀашна тӀехь Ӏеш а хуьлу уьш. ТӀома ядар чехка ду. Екар «ку-вить, ку-вить» бохуш ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]