ЖагӀжагӀа

Материал из Тептар
Версия от 17:35, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| ЖагӀжагӀа ЖагӀжагӀа (Corvus monedula). ЖагӀжагӀах оьрсаша «Галка» олу. Коьрта тӀера а, гӀорта а сира ю цуьнан. Важа долу дегӀ Ӏаьржа ду кӀур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЖагӀжагӀа

ЖагӀжагӀа (Corvus monedula). ЖагӀжагӀах оьрсаша «Галка» олу. Коьрта тӀера а, гӀорта а сира ю цуьнан. Важа долу дегӀ Ӏаьржа ду кӀур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь а хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Цхьана меттехь совций а еха уьш. Яккхийра гӀеранаш йой а лела уьш. Баннаш дитташ тӀехь а, дичиган харанаш чохь а до. Бердах а доху цара баннаш. ХӀоьаш апрель-июнь баттахь до 4-6. Айсина, баьццара бос а бетталуш, мокха тӀедарчий а долуш хуьлу уьш. Екар «кха-а, кха-а» бохуш ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]