Баьццара хенакӀур

Материал из Тептар
Версия от 17:46, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Баьццара хенакӀур Баьццарчу хенакӀурах оьрсаша «Зеленый дятел» олу. Букъ баьццара бу цуьнан, цӀога тӀоьхалара деши басахь можа ду, лахара дегӀ баьццара бос а бетталуш кӀай ду. ТӀемаш а, цӀога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йо...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Баьццара хенакӀур

Баьццарчу хенакӀурах оьрсаша «Зеленый дятел» олу. Букъ баьццара бу цуьнан, цӀога тӀоьхалара деши басахь можа ду, лахара дегӀ баьццара бос а бетталуш кӀай ду. ТӀемаш а, цӀога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йолуш. Хьаж а, мекхаш а Ӏаьржа ду (боьршачуьнан цӀиэ тӀедарчий хуьлу), коьрта тӀера а, логера а месаш цӀиэ ю. ЗӀок Ӏаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, тогӀешкахь бошмашкахь ду. Баннаш дечиган хари чохь до. ХӀоа 3-6 хуьла. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар лаьттахь а, диттан гӀодца а ду. Церан коьрта даар зингатий ду.


Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]