Ча

Материал из Тептар
Версия от 18:46, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Ча '''Ча''' — Чанах оьрсаша "Медведь" олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла....»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ча

Ча — Чанах оьрсаша "Медведь" олу. Ча инзаре экха хеташ хилла адамашна хьалха заманахь дуьйна схьа. Чанах лаьцна дукха дийцарш, туьйранаш, кицанаш ду. "Ча санна дера" олуш ду халкъо дарвеллачу стагана. Мацъелчи ча дера хуьла.

Малхбузе Европехь кIезига йисна черчий. Черчий хIинца а йолуш ю Галицехь а, Балкански ахгIайритIехь а, Испани лаьмнашкахь а, Швейцарин цхьацца йолчу меттигашкахь а. Германехь, Англехь черчий йац.

Вайн махкахь черчий дуккха а ю. Яккхийчу хьаннашкахь, лаьмнашкахь еха уьш. Юккъерчу Азехь хьаннаш йоцчу лаьмнашкахь а, Кавказан лаьмнашкахь а ю черчий.

Ча адамашна доьхьал кхеташ меттигаш дукха хуьлу. Кхораш лахьо бахна зударий чано кхерош меттигаш а хилла.

Дечке воьдучу стагана хьуьн чухула боьдучу некъа тIехь Iаш ча гина. "ДIаяла цигара, сайн гIуллакхе дIавахийта со!" олуш хилла стага, цунна адамийн мотт хууш санна. Ча, "ахьа дуьйца- хьаха бацара суна" бохуш санна, шек а йоцуш, гай ьоькхуш Iадда Iаш хилла. Шена цигахь Iен кIор- ча. Стаг доьхьал кхетчи, ведчи а вала меттиг боцуш , цунна тIе ца кхеташ, меллаша тIех а яьлла рчу когаш тIе ира а хIутту ча. ИрахIоьттича за. Хьалхарчу когашца хIума хьала а оьца, чано. Ча стомма ю, цIога доца ду цуьнан, бо- партала ю. Цхьана кхерамо меттах ца йок- йисчи меллаша ду чанан болар. Сих-сиха сеца шена напгIа лоьхуш. Кхин долчу цхьана а хIу- цунна. Бакъду, цхьа кхерам тIехIоьттича, я адаман хьожа кхетчи, мара ирах а бохуьйтий, хьожа йохуш лаьтта иза, корта дIай-схьай а хьийзош, и хьожа муьлхачу агIонгахьара схьаеттало хаа гIерташ. Жимма а шекъялла, таллархо герга гIертийла хиъчи дIаэккха ча. Ядар кхисса а луш жимма пурх а йоьрзий ду цуьнан. Амма ведчи тIаьхьа кхиалур воцуш чехка йоду иза. Шена цкъа топ тоьхчи, шозлагIа тоха ца кхуьуьйтуш таллархочунна тIекхета иза. Мел лекха хиларх дечигана тIе йолу ча, лахарчу гIодца схьалаца генаш дацахь а. Хи чохь мека дан а хаьа цунна. Мел шуьйра хиларх, неканца хих дехьа а йолу ча. Гурахь ерстича хи чохь кест-кеста луьйчу иза. Гуьйре шелъелла хи тIехь ша бичи и ша бохабой а луьйчу. Хи чуьра чIара а лоцу цо. БIаьррасил а, лерган самол а чIогIа ду цуьнан, хьожанца билгалонаш хаар. Мох болчу агIор стаг цхьа километр генахь хилчи а, хьожа кхета чанна. Стаг гучу а валале цунах къаьхкий яда а йоду. Шена татанаш хезчи уьш цхьана а хьесапе ца хета чанна, ша хьожанца хIума къасто Iемана хиларна.

Ча Iай набарна дIаюьжу, шен бен чохь бIаьстаяллалц. Шен кога кIел мотт а хьоькхуш Iуьллу иза. Цундела цуьнан коган айраш дуткъало. Хьуьн чохь мохо орамашца бух доккхуш охьатоьхначу диттана кIелахь а, иза бухдаьккхинчу ор чохь а, йоккхачу дечиган хари чохь а бен а бой юьжу иза. Ча ара ца ялалуш хари чохь йисна карош меттигаш а хилла. Чоьхьа йолийла готта йоллушехь, гIоьртина, халла чоьхьаяьлчи хуьлуш ду цунна и. Ишттачу тIекхаьччи, таллархочунна хала дац ча ен. ТIе догIанан хиш Iийдалун меттиг ца еза чанна. Цундела дIайижа кечлуш, тIехь тхов болу меттиг лоху цо. Наггахь йолчо гIаш-генаш буха а дохкуш кIеда мотт буьллу. Наггахь йерг мотт а ца буьллуш, лаьттан цIенкъи тIе юьжу. Ча цхьаъ ша хуьлу хари чохь я кхоьчахьа, бинчу бен чохь. Итта-цхьайтта бутт кхаьчна кIорнеш елахь, шен кIорнешца юьжу иза Iаьнна дIа. Ча Iаьнна дIайижар Iаламан хьелашка хьаьжжина ду. Iа деха долчохь дукха Iуьллу юьжий, Iа доца долчохь кIезиг Iуьллу. Къилбехьа долчу мехкашкахь наггахь йолу ча Iаьнна цхьа кIеззигчу ханна юьжу. Къилбаседехь ча дукха Iуьллу южий. ХIунда аьлчи цигахь стомма ло дуьллу, тIаккха цунна бIаьста йаллалц даа напгIа дац. Ижо цуьнга лаца ца ло, ткха даьхни наха шешан божлаш чохь Iалашдо. Бенара гIаьттича, йижна Iуьллуш тхьосделла дегI хеца долуьйтуш ча егало, лаьтта керча. Бакхду, башха иза йоккхаен хьелаш ца хуьлу цунна бйаьстенан йоьххьехь. Дешна дIадалаза долу ло. ГIа далаза йолу хуьн, хьалайалаза буц, боцу хьуьнан стоьмаш...

Къен йелла бежна я дахка, изза бен кхин яа хIума йоцуш меца лела ча. Цу хенахь дера а хуьлу, тIеIоттаелчи кхераме а ю иза.

Аьхка хуьнан стом схьабаьлча гIадйоьда ча. Ма-дезза даар хуьлу цунна. Цундела ча ерста, тIаккха цунна Iа даккха атта хуьлу. Стен чано кIорнеш йо. Шина-кхаа баттахь якхайо цо уьш. Ерстича чано 13-19 сантиметр стомма мохь юьлла бархI пуьнте кхаччалц 120-130 килограмм. Цундела кIорнеш кийрахь кхио а, уьш кхаба а кхачанан хирхаташ цунна тоьа.

Шиъ я кхоъ наггахь цул сов а хуьла чанан кIорни. Нана ша йоккха елахь а кIорнеш кегийра хуьлу. Кхиъна йогIучу цициган кIорнел бен ца хуьлу уьш. Иштта кегийра ца хилчи Iай шен бенахь уьш кхаба ницкъ хир бацара ненан. Iа даккха охьа ма-йижжи и кIорнеш хилчи хала хир дацара нанна уьш якхо а, юзо а. Шен гIора эшначу хенахь, Iа чекхдолуш йо цо уьш. Цундела уьш кхобуш гIелло иза. Чан кIорнеш шелонах чIогIа кхоьру. Цундела шайн ненан "кетар" кIел хьерча уьш. Нанас яьIна тIе а хьовзайой дегIа тIе къуьйлуш шен Iаьнарца йохйо кIорнеш. КIорнеш йинчул тIаьхьа шина баттахь хIума ца йоу нанас. ХIетте а мега иза шен кийра йиллина мохь хилар бахьана долуш.

Чан кIорнеш меллаша кхуьу. Анде евлича нанас шен бенара ловза ара йовлуьйту уьш. Амма Iуналла до цо царна. КIорнеш ловзу вовшийн лергаш а ийзош, вовшех тийсалуш охьатухарех а леташ. ШозлагIчу шаре яьлчи а нанас доладо царна,шеца охьа а йийшайо. Таллархо, я маьрша стаг тосавелчи нанас "мохь хьокхий" хаам бо кIорнешка. Ша а, кхерам болчу меттера йодий гена йолу.

Чанан даар дукха ду. Чано буц а йоу, жIаьли-нускалаш а доу, массо а тайпа хьуьнан стоьмаш а боу, ялта а доу.

Хьарс-хьоча тIейолий, дитта лестош, шена даа хьечаш эгадо чано. Иштта, бухара кхораш биъна ша яьлчи, кхурана тIе а йолий генаш лестош кхораш а эгобо. Дитт ластийча охьа ца оьгуш болу стоьмаш, генаш шена тIе ийзош кег а деш боу цо.

Кхораш дIабевлича пепнаш а, бIаьлланган бIараш а, ножан бIараш а доу чано. Уьш диъчи ча ерста. Акха никх карийчи и никх а бохабой моз доу чано. Накхарш лелочохь нехан никх бохабой а доу цо моз. Зингатийн барз а бохабой, зингатий а доу цо. Хи йистера тIулгаш керчош тIе-к Iел а дохуш, цу кIелара нIаьний а кхоьбарчий а йоу. Чано нал а йоь, говр а, бежна а йоь. Иштта ницкъ болуш ю иза.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]