Акха цициг
Акха цициг — Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегI а долуш экха ду иза. ЦIога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегIан дохалла 80-100 см. ЦIога 20-30 см. Шина а агIор беснеш тIехь маж ю цуьнан. Лергаш тIехь ирах дахана чоьш ду, маIаш санна хеталуш. ТIера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукIело жимма сирла ю. Жимма Iаьржа тIедарчи ду цуьнан букъ тIехь а хенаш тIехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогIешкахь хуьлуш ду акха цициг.
Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дIалечкъа иза диттийн баххьашкахь тIулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тIе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КIорни 2-3 йо. Пхеана тIе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КIорнеш йинчу хенахь са ца гуш бIаьрзе хуьлу. БIаьраса I2-чу дийнахь догIу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кIорнеш. Акха цициг лечкъана лелаш ду.
Iаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а ЧIаьнти-Органехь а, Хахалга, КIериго, МIайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.