Акха цициг

Версия от 18:48, 2 февраля 2025; Buto (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Акха цициг '''Акха цициг''' — Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегI а долуш экха ду иза. ЦIога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегIан дохалла 80-100 см. ЦIога 20-30 см. Шина а агIор беснеш тIехь...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)

Акха цициг — Доккхачу акха цицигах оьрсаша "Рысь" олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегI а долуш экха ду иза. ЦIога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегIан дохалла 80-100 см. ЦIога 20-30 см. Шина а агIор беснеш тIехь маж ю цуьнан. Лергаш тIехь ирах дахана чоьш ду, маIаш санна хеталуш. ТIера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукIело жимма сирла ю. Жимма Iаьржа тIедарчи ду цуьнан букъ тIехь а хенаш тIехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогIешкахь хуьлуш ду акха цициг.

Файл:Lynx lynx poing.jpg
Акха цициг

Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дIалечкъа иза диттийн баххьашкахь тIулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тIе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КIорни 2-3 йо. Пхеана тIе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КIорнеш йинчу хенахь са ца гуш бIаьрзе хуьлу. БIаьраса I2-чу дийнахь догIу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кIорнеш. Акха цициг лечкъана лелаш ду.

Iаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а ЧIаьнти-Органехь а, Хахалга, КIериго, МIайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.

Хьажа. кхин

Хьажоргаш