Зу

Материал из Тептар
Версия от 19:06, 2 февраля 2025; Adam (обсуждение | вклад) (Новая страница: «thumb| Зу '''Зу''' — Зунах оьрсаша "Еж" олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш. Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, гIан патаршлахь, коьллийн керта кIел, я къухашлахь таьIначу метте...»)
(разн.) ← Предыдущая версия | Текущая версия (разн.) | Следующая версия → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску
Зу

Зу — Зунах оьрсаша "Еж" олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш. Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна юккъехь, гIан патаршлахь, коьллийн керта кIел, я къухашлахь таьIначу меттехь. Буха кIеда мотт буьллу цо, екъа буц, гIаш, иштта кхин йолу кIеда хIума буха а тосуш.

Зуно кхаанна тIера бархIанна тIекхаччалц кIорнеш йо. Зунан кIорнеш ирча хуьла, са а ца гуш, тIехь чо а боцуш, ерзина. Нилхха кIайн, кIеда кIохцалий хуьлу цунна тIехь. Шен бен цхьанна тосабелчи кIорнеш кхоьчахьа дIахьо зуно. КIорнеш дукха ца Iа шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий юьйлало уьш. Iаьнна кечам бан ца хууш Iай ледарчу хьелашкахь юьсу кIорнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла Iа деъчи яккхийрнаш а ле шелонна, Iаьнна чукъовлаелла йацахь.

БIаьста, Iаьнан хIусамера арайолий, йолало зу, шелонаш дIаевллачул тIаьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина Iуьллу зу.

Дийнахь, малхехь йох а луш йижна Iуьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш йац иза. БIаьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш Iадда лаьтташ волчу стагана когаш кIел схьайолу иза. Шен и муцIар когарчу мачех дIаIоттаелчи хьоршам а тухий, муцIар кIел а хьош, дIахьаьрчий кIохцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг Iадда сецчи юха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса дIайоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу хIуманах хьожа а йоккхуш, яй йорт а етташ. Зуно садолу хIумнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка яьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, гIовгIа йо цо. ТIаккха иза дIаболалушшехь, катухий, цIога схьалоцу. ДегI зунна тIе детташ, кIохцалий Iитталуш текхарг ле. КIохцалах хIума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьгIазе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]