ХьаргӀа
Перейти к навигации
Перейти к поиску
![](https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/ea/Common_Raven_Grand_Canyon_1.jpg/300px-Common_Raven_Grand_Canyon_1.jpg)
ХьаргӀа (йу), дукх.тер. ХьаргӀанаш (йу) — (лат. Corvus corax, рус. Ворон ). ХьаргIа Iаьржа ю. Вай Iаьржачу хIуманна олуш ду "хьаргIа санна Iаьржа". Сийна кIур билличи санна Iаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь гIеранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 4-5 до хьаргIано. Баьццара бос а бетталуш, мокха тIедарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз гIоргIа ду церан "къар-р-р" бохуш. ХIоьаш март-июнь баттахь до.