ХӀуттут

Материал из Тептар
Перейти к навигации Перейти к поиску
Файл:Common Hoopoe (Upapa epops) preening at Kolkata I2 IMG 6985.jpg
ХӀуттут

ХӀуттут (Upupa epops). ХӀуттутах оьрсаша «Удод» олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. ЗӀок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта тӀехь, мох ласториг санна могӀара пелагаш а долуш, кӀужал бу. ТӀемаш шуьйра ду. ТӀемаш Ӏаьржан, кӀайн могӀарш долуш къорза ду цуьнан. КӀужалан йоьххьехула Ӏаьржа сиз доьду, аьлчи а кӀужалан хӀора мас йоьххьера Ӏаьржа ю. Цунах зӀакар тӀера дуьйна кӀесаркӀог тӀе кхаччалц хьаьвзина Ӏаьржа ах хӀоз хӀутту. Корта а, гӀорта а, чукӀело а можа ю. Яхар яьсса аренашкахь, бошмашкахь, хин тогӀешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара бӀаьста схьа а йогӀу, гурахь дӀа а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. ХӀоьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа кӀеззиг цхьанакхетий гӀера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу хӀумнаш йоу цо. Екар «хӀуп-хӀуп-хӀуп-хӀуп, пӀиж-ж-жакъ» бохуш ду.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]