Заглавная страница:Буьйсанан мокха хьоза
Буьйсанан мокха хьоза — (en. European Nightjar), (Оьрсаша «Козодой» олу цунах). Деха цӀога а долуш, деха тӀемаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. ТӀера мас нилха а, кӀеда а ю цуьнан, когаш боций, бӀаьргаш баккхий бу. ЗӀок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. ЗӀакара юххехь шина а агӀор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн тӀехь, я лаьттахь Ӏадда хоий Ӏа иза. Коьрта тӀехь а, белаш тӀехь а, дегӀан дохалла а Ӏаьржа могӀанаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхачу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха хӀума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. ХӀоа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса тӀедарчий а долуш. ТӀома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, «кувык, кувык» бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу хӀуманаш а йоу цо, дедда доьддушехь хӀаваэхь схьа а лоьцуш.