Заглавная страница:Лаьттан пхьагал

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Перейти к навигации Перейти к поиску
Лаьттан пхьагал

Лаьттан пхьагалнох. Лаьттан пхьагал (оьрс. Тушканчик) олу. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш дӀай-схьай саттадо цо. ТӀаьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. ЦӀога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала кӀайн кӀуж а болуш. Дийнахь шен бенахь Ӏа иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен тӀаьхьарчу шина кога тӀехь кхиссалуш до цо. НогӀийн махкахь дукха хуьлу уьш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]