Ӏаьржа маккхал

Материал из Тептар
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ӏаьржа маккхал

Ӏаьржа маккхал — (en. Black Kite), (оьрсаша «Черный коршун» олу). Доккха олхазар ду иза, готтиро тӀемаш а долуш. ЦӀога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара бӀаьрг кхетчи Ӏаьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела «Ӏаьржа гӀиргӀа» олу цунах. Амма цуьнан бос таьӀна ал бу. ЧукӀело хьаьрса ю, таьӀна ал тӀедарчий а долуш. Корта басна сирло бу. И тайпа гӀиргӀанаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-ГӀалгӀайн республикехь а ду и тайпа гӀиргӀанаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тогӀеш, Ӏаьмнаш долу меттигаш еза царна. ГӀалина а, ярташна а гергахьа даан напгӀа долчохь хуьлу уьш. ДӀай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадогӀу февраль-март баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш тӀаргӀа а бехчалгаш а кхин тайпа кӀеда хӀуманаш а йохку. ХӀоьаш апрель баттахь до 2-3. Мокха тӀедарчий а долуш, кӀай хуьлу хӀоьаш. КӀорнеш июль баттахь бенара гӀовтта. Сентябрь, октябрь баттахь бовхачу махка дӀакхелха уьш. Лаккха хӀаваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу хӀуманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара. Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу дӀовшо хӀаллакдо уьш. Юьртабахамна пайдехь а хиларна, кӀезиг а хиларна ларо дезачех ду Ӏаьржа маккхал.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]