Нохчийн мотт

Материал из Тептар — свободной энциклопедии
Версия от 15:45, 1 февраля 2022; Mansur700 (обсуждение | вклад) (Mansur700 переименовал страницу Нохчийн муотт в Нохчийн мотт без оставления перенаправления)
(разн.) ← Предыдущая | Текущая версия (разн.) | Следующая → (разн.)
Перейти к навигации Перейти к поиску

Нохчийн муотт —(оьрс. Чеченский язык) — вайнехан меттанийн юкъа богӀу мотт а, нохчийн къоман муотт.

Нохчийн муотт баьржина бу Нохчийн Пачхьалкхех, ГӀалгӀайчохь, ДегӀастанан Хаси-Эвлан кӀоштахь, Ӏовхойн кӀоштахь, Бабаюртан кӀоштахь, Кизилюртан кӀоштахь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. 2010 шарахь ларарца Нохчийчохь 1 054 705 адамо буьйцуш бу и муотт.

Ӏилманчашна хетарехь, нохчийн йозанан истори шен орамашкахь дукха генара схьайогӀуш ю. Кхо-диъ эзар шо хьалха даьхначухурриташ, урарташ олчу къаьмнийн йоза туьдуш, Ӏилманчаша пайдаоьцу хӀинцалерчу вайнехан меттанех а. Ширачу урартийн, хӀинцалерчу нохчийн меттанашкахь цхьаьнайогӀуш алссам меттигаш карайо. Уьш ю лексикехь, морфологехь, синтаксисехь, дошкхолларан кепашкахь. Оцу а, кхиболчу а исторически хаамашна тӀе а тевжаш, дуьненахь а шайн цӀерш евзаш болчу Ӏилманчаша билгалдаьккхина: нохчий, гӀалгӀай, бацой шех схьабевлла долу шира къам Урарту пачхьалкхерчу къаьмнийн маттаца шен муотт цхьаьнабогӀуш хилар. Цу тӀе а доьгӀна урартийн клинопись нохчийн а шира йоза ларало, боху Ӏилманчаша.

Нохчийн йоза заманан йохалла хийцалуш схьадеана. Исторически а, идеологически а хьелашка хьаьжжина йоза гӀеллуш а, довш а хенаш яьхкина. Амма кхечу графически бух тӀехь юха кхоллалуш хилла нохчийн йоза. Иштта Ӏилманчаша билгалдаьккхина цхьаьна хенахь ширачу нохчаша грекийн а, цул тӀаьхьа эрмалойн а графикица долу йоза лелийна хилла. Ткъа хӀинцачул XI-XII бӀешо хьалха Нохчийчохь гуьржийчуьнца догӀуш долу йоза лелла хилар а чӀагӀдо Ӏилманчаша. XV-XVI бӀешерашкахь Нохчийчу бусалбан динца цхьаьна Ӏаьрбийн йоза деъна. Нохчийчохь хьуьжарш яхка йолийна. Хьуьжаршкахь Ӏамош хилла Ӏаьрбийн йоза а, бусалбан дин а. ТӀаьхьо Ӏаьрбийн йозанах пайдаоьцуш нохчийн абат кхоьллина, нохчийн маттахь жайнаш а, кхиболу дешаран гӀирсаш а арахецна.

Хааман гIирсаш[править | править код]

Нохчийн маттахь, Нохчийчохь арахоьцуш ду газеташ («Даймохк», радиогазета «Чечня Свободная (Маьрша Нохчийчоь)» кхин а) ДегӀастанехь («Нийсо-Дагестан»).

Ненан муотт — дахаран хазна[править | править код]

Буьйцучу маттаций бен цхьа а хӀума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хӀуманах лаьцна хӀумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.

Муотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гӀирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХӀора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хӀора къоман а, хӀора халкъан а культурин бух бу. Иза кӀорггера дика Ӏамор вайн декхар ду.

Яздархочо К. Паустовскийс нийса яздина ненан маттах лаьцна дешнаш: «ХӀора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Ӏаш, цуьнан граждански мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь, маьӀна долуш бац.

Муотт вай Ӏама а бо, дахаран тӀаьххьара денош тӀекхаччалц, саццаза Ӏамо декхар а ду…»

Муотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш юкъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гӀирс бу. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Ӏилма а, культура а — адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гӀодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чӀогӀа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дӀадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегӀ ду, ткъа ойла меттан сурт ду.

ХӀума хааран а, хӀуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Ӏаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хӀуманах вайн болу кхетам бу. Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.

Ӏилманхоша дерриг а дуьненахь 3000 сов къоман мотт лору, кегий, даккхий къаьмнийн меттанаш лерича. И меттанаш, вовшашна герга а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, меттанийн тобанашка декъало. ХӀора меттанийн а тӀехь, тайп-тайпана башхаллаш ю. Уьш вовшех къаьста меттан дешнашца а (лексикаца), цуьнан грамматикица а. Вовшийн гергара хиларе терра, славянин меттанийн тобана юкъадогӀуш ду ду оьрсийн, украинийн, белорусийн, болгарийн, полякийн меттанаш, ткъа вайнехан меттанийн тобана юкъадогӀуш нохчийн, гӀалгӀайн меттанаш.

Йоза[править | править код]

Ислам даржарца Нохчийчохь тӀечӀагӀдира Ӏаьрбийн йоза. 1862-чу шарахь, кириллица тӀехь хилла нохчийн йоза, Пётр Усларца кхоьллина. 1925-чу шарахь, и йоза латина чудиллина хилла. 1938-чу иза кириллица хийцина, хӀинцалерачу хенахь иза лелаш долу дера.

Нохчийн абат:

А а Аь аь Б б В в Г г ГӀ гӀ Д д Е е Ё ё Ж ж
З з И и Й й К к Кх кх Къ къ КӀ кӀ Л л М м Н н
О о Оь оь П п ПӀ пӀ Р р С с Т т ТӀ тӀ У у Уь уь
Ф ф Х х Хь хь ХӀ хӀ Ц ц ЦӀ цӀ Ч ч ЧӀ чӀ Ш ш Щ щ
Ъ ъ Ы ы Ь ь Э э Ю ю Юь юь Я я Яь яь Ӏ

Хьажа. кхин[править | править код]

Билгалдахарш[править | править код]

Хьажорагаш[править | править код]