Заглавная страница:КӀайн цӀога долу аьрзу
Перейти к навигации
Перейти к поиску
КIайн цIога долу аьрзу — (en. White-tailed Eagle), (оьрсаша "Орлан-белохвост" олу). КIайн цIога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан цIога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара деггIий жимма сирло ду цуьнан. ЦIога кIайн ду, зIок можа ю.
- Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш.
- Церан дахар хIурдан йистошкахь, хин бердашкахь, тогIешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. Iа доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайогIу уьш. Иштта ду церан дIай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо кIорнеш. Бен атта дIа ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. ХIоа 2-3 до. КIайн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан хIаваэхь хьийзар. Лахахула хIаваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, чIерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар тIехь, я дечиган юьхка тIехь хохий а Iа иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду "кра-кра-кра!" я "кий-кий-кий!". ЗIок йоккха хиларна а цIога кIай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.