Нал

Материал из Тептар
Перейти к навигации Перейти к поиску
Нал

Нал — Нелах оьрсаша "Дикий кабан" олу. Муьлххачу а Iаламан хьелашца тарлуш Малхбузе Европин а, Кавказан лаьмнийн а хьаннашкахь, генарчу малхбалийн тайгехь а, Юккъерчу Азин, Иранан эрз болчу тогIешкахь а, Тянь-Шанехь а, альпийски цанашкахь а хуьлуш ду и шатайпа экха. Нелана ца езаш меттиг ю, кIорга ло дуьллуш йолу Къилбаседе. ХIунда аьлчи, цунна напгIа латтош дерг лаьттан тIоьхлара чкъор ду. Иза гIорийча а, цунна тIоьхула стомма ло диллича нал кхин напгIа доцуш меца юьсу.

Нал, иза хIинца цIахь кхобуш йолчу хьакхарчийн хьалхенах ю. Нелан гIиллакхаш цIахь кхобучу хьакхичух тера ду: чехка болар а, уьш масех цхьана а йолуш борз тIегIоьртича цунна майрра доьхьал хIоттар а.

Нал - ницкъ болуш экха ду. Шен деза дегI каде леладо цо, лохачу чIогIачу, когаш тIехь. Шена новкъарло ян герга гIоьртанчу мостагIчунна каде тIекхета иза. Буьрса экха шена зене дала тIедирзича цунна доьхоьал а хIоттало. Къеначу нелана кхераме доц цхьа а тайпа буьрса экха, цхьа цIоькъалом доцург. Иштта адам а ду цунна къераме. Оццул ницкъ болуш долу и экха адамо доь герз тухий. Цуьнгара ницкъ, каде хилар, I4 сантиметр, урс санна ира кIомсарш хилар дика хаьа барзана а, чана а.

Нал адамах чIогIа кхоьру. Бакъду, чов хилла нал таллархочунна тIекхета. Кхин яха меттиг боцуш йисчи а йо цо адамана доьхьало. ЦIеххьана кIомсар а тухуш тIеэккха иза. Шайн-шайн реманаш хуьлу оцу акхаройн, шайна хьалхаяьлла боьрша нал а, тIаьхьахIиттина кIорнеш а йолуш. Боьрша йоккха нал ша къаьстана лела хьаннашкахь. Стенаш оре йогIучу хенахь реманах схьакхета боьрша нал. Царна юккъера кегийранаш лелхайо цо. Стенаш оре лаьцначул тIаьхьа юха а дIакъаста боьрша нал. Иза дIаяхчи юха реманах схьакхета цо дIакъахкийнарш. Наноша херсеш йичи ондеевлла боьршанаш цхьацца йолий кхерста йолало.

Яхка герга яхчи стечу нело лаьттах ор а доккхий шена бен бо, буц а кхин йолу кIеда хIума а буха а юьллуш. Херсеш шена тIаьхьа хIиттина йуьйлайаллалц оцу бен чохь хан йоккху цо. Нанас чIогIа дола до шен херсешна. Иштта къасттина болу доьзалаш цхьана а кхетий юха а тохара санна рема йо цара. Оре йогIучу хенахь боьршачу неларчашна юккъехь боккха тIом хуьлу. Вовшийн цоьстур яра цара вортан тIера дуьйна гIода юккхе кхаччалц чохчам йиллачи санна, кIомсар дIа ца леташ стомма неI дацахьара. Иза хилар бахьана долуш кIелхьарайовлу уьш Iожаллех. Бакъду даръелла леттачу церан накхош цистина аьрснаш хуьлу. Ноябрехь, декабрехь стенаш оре йогIучу хенахь, тIамана кечлуш санна стамло церан и "аьчкан" ботт.

Кхерам боцчу меттехь парггIат юьйлалой лела неларчий, кортош охьа а охкадой, латта охкуш, бецан орамаш дууш яжа а ежаш. ТIуьнчу меттехь хоттала а Iам чу а керча уьш. Цхьана хIуманах кхерам болуш шеко кхоллаелчи муцIар ирах а йохуьйтий хьожа яха хIутту нал. Цо "хуьр-р-р-рюк" аьлла мохь тоьхчи, рема ежачуьра соца, цIеххьана гулло уьш наной шешан херсешца юккъехь а юьтуш, боьршаниш гондахьа а хIуьттуш. Нагахь санна таллархой герга гIерташ белахь, цIеххьана дIалелха уьш бекъа эрз, декъа гIаш, синтарш кегдеш, чехка дур оьций, уггаре а луьстачу хьаннашна, коьллашна юккъехула каде чекхлелхаш оьрнашна, тоьлгашна тIех лелхаш.

Нал шена кхерам болчу меттехь чIогIа ларло. Адамаш дIай, схьай лелачу некъах тIех яла дага деъчи муцIар ирах а йохуьйтий хIаваъ чууьйзуш хьожа йохуш лаьтта иза. Цхьа шеко йолуш хIума тосаделчи, хьоршам тоьхчи санна тарса а терсий "тIап" олий йов иза. Оццала каде ду цуьнан дIаэккхар. Диттан га кагдичи а, цхьакIеззиг даьллачу татанах кхералой йоду нал. Оццулла само йолуш экха ду иза. Шен кегийрачу бIаьргашца нелана са дика ца го. Бакъду, хьожанций, лергийн самонций кхастало цуьнга шена кхерамехь дерг, доцург. Неларчий буьйсанна юьйлалой лела. Дийнахь садоIуш йийшина Iохку уьш, адам я экха тIекхачалур доцчу меттехь.

Латта охкуш ор а доккхий цу чу кIеда мотт а буьллий, охьаюьйшу уьш. И мотт, вай лакхахь ма-аллара, декъачу гIах, бацах, эрзах буьллу цара. Акха Iежаш, хьаьрса хьечаш, кхораш, стеш хуьлучу хенахь оцу стоьмийн хьаннашкхь еха уьш. Ло диллича эрзан тогIешка охьайогIу.

Неларчаша юуш дуккху а тайпа хIума ю: соьналлаш, бецан орамаш картолаш, хьаьжкIаш, хьуьнан бIараш, массо а тайпа хасстоьмаш, стоьмаш, садолу хIуманаш, нIаьний, моьлкъарчий, лаьхьарчий, олхазарийн тойнеш, хIоьаш, кIорнеш.

Ялташна, хасстоьмашна буьйсанна тIе лета уьш. Царна чIогIа зиэ а до. ЗIоьмалгах ца кхоьру уьш. Я татанах а ца кхерало. Гондахьа керт йичи а кхочу уьш ялташна тIе. Керта бухахула охкуш Iуьрг а доккхий чекхйовлу уьш. Йийначу нелан жижиг доу хьакха юуш болчара. ЦIоканах мачийн айраш, доьхкарш до. Цуьнан кхесах шотканаш йо. Нелан херсеш къорза хуьлу, букъа бохалла Iаьржа моханаш а йолуш. Каде хуьлу уьш. Шешан юткъийчу, амма чIогIачу настарш тIехь, ловзуш, леккха хьала а кхиссалуш.

Хьажа. кхин[править | править код]

Хьажоргаш[править | править код]